Job 20
1Иштта жоп делира наӀматхо волчу Цупара: 2«Сан ойланаша соьга жоп долуьйту,цундела вистхила сихвелла со.
3Со сийсазвоккхуш тӀехбеттамаш суна хезаш хилча,
сан кхетамо со иракарахӀоттаво царна жоп дала.
4Хьуна хууш дац, тоххара дуьйна схьа,
лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу хенахь дуьйна,
5харцволчун синкъерам кӀеззигчу ханна буйла,
Ӏесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а?
6Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а,
цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а,
7иза шен боьхалла санна, массо а ханна дӀавер ву,
ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“– бохуш, хоьттур ду.
8ГӀан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза,
буьйсанан сурт санна, гучуьра дӀавоккхур ву иза.
9Иза гина болчу бӀаьргашна кхин гур вац и,
ваьхначу меттигашна а кхин гур вац иза.
10Цуьнан кӀентий сагӀадоьхучарна хьалха а хьесталуш лелар бу,
цо гулдина хьал цара юхадала дезаш ду.
11Цуьнан дегӀ дузийна хилла къоналлин ницкъ
цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу.
12Вон цуьнан багахь мерза делахь а,
цо маттана бухахь иза дӀалачкъадахь а,
13иза лардеш, охьа а ца кхуссуш, шен багахь,
стигална буьххьехь латтадо цо.
14И санна кхача гай чохь муьста хир бу,
цуьнан кийрахь лаьхьанан дӀовш хилла дӀахӀуттур бу.
15Цо дӀакхаьллина болу дуьненан бахам схьаӀеттор бу,
Дала цуьнга иза цуьнан кийрара схьатосуьйтур бу.
16Цо цӀубдеш дерг лаьхьанан дӀовш ду,
лаьхьанан матто иза вуьйр ву.
17Цо зовкх хьоьгур дац татолех а,
мазах а, кӀалдах а дуьзна долчу хих а.
18Къахьегарца ша гулдинарг, дӀа а ца кхоллуш, юхадала деза цо,
йохкаэцарх ша яьккхинчу санах цо зовкх хьоьгур дац,
19хӀунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш,
ша дина доцу церан цӀенош схьа а даьхна.
20Цуьнан сутаралла бух боцуш яра,
цуьнан лаамийн доза а дацара.
21Цхьа а хӀума цо дӀакхаллаза дисна дац,
цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац.
22Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду,
цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тӀе охьабужур бу.
23Шен тӀингар цо эккха йоллуш юзош хилча,
Делан оьгӀазалла юссур ю цунна тӀе,
догӀа санна, цунна тӀе таӀзарш а доуьйтур ду.
24Шаьлтанах кӀелхьарвалар цуьнан хилахь а,
цӀестан секхаӀодан пха цунах кхетар бу.
25И пха схьабаккха иза хӀоттахь,
цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь,
эццахь евзар ю цунна Ӏожаллин инзаралла!
26Ӏаьржа бода бу иза ларвеш цуьнга хьоьжуш.
Цхьаммо а серлайоккхуш йоцучу цӀаро дӀакхоллур ву иза,
цуьнан четар чохь мел хилла долу хӀума а хӀаллакьхир ду.
27Стигало цуьнан харц хилар дӀадоьллур ду,
латта а цунна дуьхьалдер ду.
28Цуьнан цӀера цо мел гулдинарг дӀадер ду,
хи санна, дӀагӀур ду Делан оьгӀазаллин дийнахь.
Иштта хир ду Ӏесачун Делера долу дакъа,
иштта Делера кхел а хир ю цунна».
29
Аюб
Copyright information for
CheCAC2012