‏ Job 21

1Аюба цунна жоп делира: 2«Дикка ладогӀалаш ас бохучуьнга,
цунах суна шуьгара синхьаам хир бу.
3Ас къамел дечу юкъана сатохалаш,
со аьлла ваьллачул тӀаьхьа сох кхарда а мегар ду шуна.

4Со адамна арз деш ву? Вац!
Со собар доцуш хиларан доккха бахьана ду.
5Соьга схьа а хьовсий, инзардовла,
шайн бета тӀе куьг а дилла.
6Цунах ас ойла йича, къемато дӀалоцу со,
сан дегӀ а дего долало.

7Ӏесанаш дукха хӀунда беха,
къеналле а кхочуш,
хьолехь сов а бохуш?
8Церан бераш царна хьалха дӀахӀиттина хуьлу,
церан тӀаьхье церан бӀаьргаш хьалха хьалакхуьу.
9Церан цӀенош чохь кхерам ца лаьтта,
Делан гӀаж а яц царна тӀехь тӀеайина.
10Церан бугӀанашкахь массо а хенахь ницкъ хуьлу,
ткъа церан хьелаша, оста а ца довлуш, эсий а до.
11Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кӀентий,
церан кегий бераш дӀасалелхаш ловзу.
12ЖиргӀанаш а етташ,
дечиг-пондарш а лоькхуш,
эшарш лоькху цара,
зурманан гӀовгӀанехь са а къоьру.
13Церан шераш беркатехь дӀаоьху,
тӀаккха паргӀатонехь эхарте кхочу.

14Цара Деле боху: „Дита тхо,
Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа!
15Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Ӏамал ян?
ХӀун пайда болу доӀанца Цунна тӀе верзарх?“
16Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац.
Иштта Ӏесачеран хьехамаш тӀеэцар генахь ду суна!

17Кест-кеста бойий те Ӏесачийн чиркх?
Кест-кеста вонаш догӀий те цаьрга?
Ша оьгӀазваханчу хенахь кест-кеста
Дала баланаш хьовзабой те царна тӀе?
18Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш,
я йилбазмохо дӀахьош йолу кегаш санна бу те?

19Бохуш ду: „Адамна догӀу таӀзар Дала цуьнан берашна кхоадо“.
Амма ас олу: адамна шена дойла Цо таӀзар, иза кхетийта!
20Цуьнан бӀаьргашна гойла шен хӀаллакьхилар,
цо ша молийла Ницкъболчун оьгӀазалла!
21Иза веллачул тӀаьхьа цуьнан хӀун бала бу шен доьзалан,
цуьнан оьмаран беттанаш чекхдевлла хилча?
22Далла хьехамаш бойла дуй те,
Цо лаккхахь Ӏаш болчарна а кхел еш хилча?

23Цхьаъ шегахь буьззина ницкъ болчу хенахь ле,
цхьана а хӀуманан бала а, гӀайгӀа а йоцуш.
24Цуьнан кийра махьарех буьзна бу,
цуьнан даьӀахкаш тӀамарах юьзна ю.
25Ткъа важа шен дог доьхначохь ле,
цкъа а цхьана а дикачух зовкх а ца хьегна.
26Амма и шиъ цхьабосса лаьтта вуьжу,
нӀаьнаша цхьабосса къайла а воккху.

27Суна шун ойланаш а, хӀилланаш а девза,
аш сайна дуьхьал даха кечдина долу.
28Аша олу: „Мичахь ду къизачу баьччанан цӀа?
Мичахь ду Ӏесанаш чохь Ӏийна четар а?“
29Некъахошка хаттарш ца дина те аша?
Церан дийцарийн тидам ца бина те аша?
30Бала тӀебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу,
Делан оьгӀазаллин дийнахь иза кӀелхьарвоккху.
31Цуьнан лелар юьхь-дуьхьал хьан емалдийр ду?
Цо диначух хьан бийр бу цунна бекхам?
32Иза Ӏожаллин новкъа ваьккхинчул тӀаьхьа,
цуьнан кошана улло гӀарол хӀоттадо.
33ТогӀи чохь кошан латта цунна мерза хуьлу.
Массо а стаг цунна тӀаьхьахӀоьттина вогӀу,
цунна хьалха йоьду тоба ягарйина а вер вац.

Шун эрначу хабарх суна синхьаам муха хир бара?
Аша мел динчу жоьпех харцо бен ца юьсу!»
34

Къамелийн кхоалгӀа дакъа

(22:1–27:23)

Элипаз

Copyright information for CheCAC2012