a Аюб 35:6-8.

‏ Job 22

1Теманхо волчу Элипаза, жоп а луш, элира: 2 a«Далла хӀун пайда бу адамах?
Ур-атталла хьекъал долчух хӀун пайда бу Цунна?
3ХӀун синкъерам бу Нуьцкъалчунна хьо бакъ хиларх?
ХӀун пайда хир бара Цунна хьан некъаш цӀена хиларх?
4Цунна хьалха хьо ларамах вуьзна хилар дуй те
хьуна Ӏиттарш еш а, хьо кхеле вуьгуш а Иза лелар?
5Бакъду, хьан вонаш дукха ду,
хьан къинош доза доцуш ду.
6Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа,
царна тӀера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш.
7ГӀелвеллачунна мала хи а ца лора ахьа,
мацвеллачуьнга бепиг а ца кховдадора.
8Ницкъ болчуьнга ахьа латта схьалоцуьйтура,
цӀеяхана верг цигахь ваха а хоуьйтура.
9Бисина Ӏаш болу зударий даьссачу куьйгашца ахьа дӀабохуьйтура,
ахьа байшкахь болу ницкъ а хӀаллакбора.
10Цундела ду хьуна гонах хӀиттийна гураш,
цундела хьо цӀеххьана къемато Ӏадийна ву.
11Цундела хьуна хӀумма а ца галлал бода тӀебеана,
цундела хи тӀедаларо хьо къайлавоккхуш ву.

12Дела лекхачу стигалшкахь Ӏаш вац ткъа?
Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш!
13Ткъа ахьа боху: „ХӀун хаьа Далла?
Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“
14Мархаша хӀума ган Цунна новкъарло йо,
Иза стигалан Ӏаьршашкахула лелачу хенахь.

15Ткъа гӀур вуй те хьо кхидӀа а ширачу а,
зуламхоша баьккхинчу а новкъа?
16Уьш шайн хан а кхачале хӀаллакьхилла,
ткъа церан цӀенош хино дӀадаьхьна.
17Цара Деле баьхна: „ДӀавала тхуна уллора!
ХӀун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“
18Ткъа Цо церан цӀенош хьолах хьаладузура.
Амма ас церан хьехамаш тӀеоьцур бац!
19Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш,
церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву,
цӀена верг царах воьлуш а хир ву:
20„ХӀаллакьхилла тхан мостагӀий,
ткъа царах диснарг цӀаро хӀаллакдина“.

21Делаца тайна хилахьа а,
Цуьнца барт болуш вахахьа.
Иштта хиларца хьуна тӀе дика догӀур ду.
22Цуьнгара схьаболу хьехам дӀаэца,
Цуьнан дош хьайн даг чу дӀадилла.
23Нуьцкъалчунна тӀе верзахь, хьо юхаметтахӀоттийна хир ву.
Нагахь санна хьайн хӀусамера къинош ахь дӀалахкахь,
24нагахь хьайн деши ахь ченашка дӀакхоссахь,
Апаран деши – Ӏаннийн тӀулгашка,
25тӀаккха Нуьцкъала Дела хьан деши хилла дӀахӀуттур ву,
Иза иштта къегаш долу дети санна хьуна хир ву.
26ТӀаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву,
хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа.
27Ахьа доӀа дича, Цунна дӀахезар ду,
тӀаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ.
28Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду,
хьан некъаш тӀехь серло хир ю лепаш.
29Адамаш охьатаӀийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“,
ткъа корта охьабахийтинарг Дала кӀелхьарвоккхур ву.
Бехк берг а Дала кӀелхьарвоккхур ву,
цуьнан кӀелхьарвалар хьан цӀена куьйгаш бахьана долуш хир ду».
30

Аюб

Copyright information for CheCAC2012