‏ Job 23

1Аюба, жоп а луш, элира: 2«Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш,
куьйгаца сайн узарш ас Ӏаткъадахь а.
3Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а,
Цуьнан хӀусам йолчу со дӀавогӀуш велахьара а,
4аса дӀадуьйцур дара Цуьнга сайн гӀуллакх,
сайн бага со бехказадохучу дешнех а юзур яра.
5Цо сайга хӀун олу а хуур дара суна,
Цо сайга бохучух а кхетар вара со.
6Шен болчу ницкъаца соьца къовсалур вара те Иза?
Вацара! Цо Шен тидам суна тӀебохуьйтур бара.
7ТӀаккха бакъахьа лелаш волу со Цуьнца къовсавала мегара,
ткъа суна а сан Кхелахочуьнгара массо а ханна паргӀато хир яра.
8Со малхбузехьа дӀавоьду – цигахь Иза вац,
малхбалехьа – цигахь а суна Иза ца караво.
9Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бӀаьрг а ца кхета,
къилбехьа Иза дӀавирзина хилча а, суна Иза гуш вац.
10Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу.
Цо со зийча, деши санна, цӀена хилла дӀахӀуттур ву со.
11Цуьнан лар лохуш, леррина вогӀу со.
Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо.
12Цуьнан багара девллачу весеташ тӀера со ца ваьлла,
Цуьнан багара дешнаш сайн даг чохь Аса леладо.

13Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта?
Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду.
14Суна дуьхьал Ша леринарг Цо кхочушдийр ду,
ишттаниг Цуьнан дуккха а ду дӀадиллина.
15Цундела ву со Цунна хьалха Ӏадийна,
айса ойла ешшехь – Цунах кхерало со.
16Дала кӀаддина сан дог,
Нуьцкъалчо со кхерийна.
Со вист ца хуьлуш лаьтташ вац, бода белахь а,
сан юьхь Ӏаьржачу бодано дӀахьулйинехь а».
17

Copyright information for CheCAC2012