‏ Job 24

Аюба кхидӀа а элира: 1«ХӀунда ца доху Нуьцкъалчо кхел ен денош билгал?
ХӀунда ца го и денош Иза вевзачарна?
2Адамаша доза къастош диллина тӀулгаш дӀасадоху,
цара жаш лачкъа а до, уьш дажа а до.
3Байлахь бисинчеран варраш дӀаюьгу,
йисина Ӏачун сту закъалтана дӀабуьгу.
4Цара къен верг шайн некъа тӀера дӀатотту,
махкахь гӀело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу.
5Аренгара акха варраш санна, кхача а лоьхуш,
шайн болх кхочушбан арабовлу уьш.
Яьссачу арено царна а, церан берашна а кхача ло.
6Цара нехан кхаш тӀехь шайна докъар гулдо,
хьарамлелачун кемсийн бешахь йиснарг схьагулйо.
7ТӀехь хӀума доцуш дӀабуьйшу уьш,
шийлачу заманахь тӀеюха хӀума а яц церан.
8Ламанан догӀанаша уьш башабо,
уьш тархех дӀахьерча,
дӀалечкъийла шайн ца хиларна.

9Бобераш декхачуьра доху,
къечун аганара бер закъалтана доккху.
10ТӀехь хӀума йоцуш лела къен нах.
Ялта чудерзош болчара санна цара
болх бахь а, уьш мацболуьйту.
11РаьгӀнашна юкъахь, Ӏовдий, зайтдаьтта доккху цара,
кемсаш Ӏуьйдуш мутта доккху, амма шаьш хьогалла лов цара.
12ГӀалахь леш болчеран узарш ду хезаш,
чевнаш йинарш а бу гӀо доьхуш,
амма Далла церан доӀанаш дӀа ца хеза.

13Серлонна дуьхьал гӀевттинарш а бу,
царна ца девза Цуьнан некъаш,
уьш цу некъаш тӀехула а ца лела.
14Сахуьллуш хьалагӀотту нах бойург,
къениг а, декъазаниг а цо воь,
ткъа буьйсанна хӀума лачкъайо.
15Нахаца леларг бода тӀебаре хьоьжу,
цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“,
шен юьхь а цо туьтмӀаьжигаца дӀакъовлу.
16Буьйсанна цӀийнан пенах Ӏуьрг доккху талорхоша,
ткъа дийнахь, дӀа а ловчкъий, ара ца бовлу уьш.
Дийнан серло хӀун ю царна а ца хаьа.
17Царна массарна а Ӏуьйре – Ӏожаллин ӀиндагӀ санна ю,
ткъа оцу ӀиндагӀан инзаралла царна евзаш ю.
18Амма, хина тӀехула хӀуттург санна, уьш сихха дӀабовду.
Царна кхаьчнарг лаьттан декъан тӀехь неӀалт ду,
церан кемсийн беша боьду некъ а баьсса бу.
19Йокъано дешаш долчу лайн хи дӀа-ма-худдара,
иштта эхарто дӀахуду къинош летийнарш.
20Ненан кийрано а иза вицво,
цунах нӀаьнийн даар а хуьлу,
цхьанна а иза дага а ца вогӀу,
дитт санна, кагло къинош летийнарг.
21Цара бер доцучунна а, бераш ца хиллачунна а гӀело йо,
йисина Ӏачунна а диканиг ца до цара.
22Амма Дала Шен ницкъаца ницкъберш а дӀакхоьхьу.
Дела хьалагӀаьттича, шайн дахарх церан дегайовхо ца хуьлу.
23Дала цаьрга кхерам ца хиларе сатийсийтахь а,
Цуьнан бӀаьргаш церан некъашка хьажийна бу.
24Уьш кӀезигчу ханна бен хьала ца айабелла, тӀаккха уьш бац.
Охьа а эгна, уьш, берриш а санна, схьагулбеш бу.
Кенан баххьаш санна, схьахадийна а хир бу уьш.
Иза иштта ца хилча, сан харц хилар гучу хьан доккхур ду?
Сан дешнаш эрна ду хьан эр ду?»
25

Билдад

Copyright information for CheCAC2012