Job 27
1Шен къамел кхидӀа а дира Аюба. Цо элира: 2«Аса чӀагӀо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а,сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а,
3суна чохь садеӀар дӀадаллалц,
сан мерӀуьргашкахь Делан са мел ду,
4сан багара харцдерг арадер ма дац,
сан матто бакъ доцург а дуьйцур ма дац!
5ХӀуъа хилахь а, со аша бохучунна тӀетовр вац,
со дийна мел ву, сайн цӀена хилар дойур дац ас.
6Сайн бакъхилар чӀоггӀа латтадо аса, иза ас дӀа а лур дац –
цу тӀехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох.
7Сан мостагӀа харцонча санна лорийла,
суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла.
8Стенах сатийса деза Ӏесачо,
Дала ша дӀатеттича,
Цо шен са дӀаэцча?
9Далла хезар дуй те цуьнан тийжар,
цунна бохам тӀебеача?
10Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух,
кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь?
11Ас дуьйцур ду шуна Делан куьйгах лаьцна,
Нуьцкъалчун некъаш а шух къайладохур дац ас.
12Шуна шайна а ма гина дерриг а.
Стенна дуьйцу и даьсса хабарш?
13ХӀара ду шуна харцо лелочунна Делера хиндерг,
хӀара ду Нуьцкъалчуьнгара къизачунна кхочун дерг ▼
▼Цхьадолчу гочдаршка хьаьжжина, 13-чу аята тӀера 23-чу аята тӀекхаччалц Цупаран къамел ду.
.14Цуьнан кӀентий мел дебарх, уьш туьро хӀаллакбийр бу,
цуьнан тӀаьхьено дуззалц бепиг дуур дац.
15Цунах тӀаьхьабиснарш Ӏожаллин уьно коше кхачор бу,
царах бисинчу зударша царна тӀаьхьа тийжарш а дийр дац.
16Ченал дукха дети шена гулдахь а,
поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а,
17уьш Делан лаамехь болчара тӀедухур ду,
цуьнан дети цӀена лелачара доькъур ду.
18Цо шена деш долу цӀа нецан бен санна
я хехочун бун санна, до.
19ДӀавуьжуш, хьолада санна дӀавуьжу иза,
амма самаваьлча, цуьнан бахам ца хуьлу.
Цо бӀаьргаш схьабиллича, цуьнан хӀумма а дисина ца хуьлу.
20Хи тӀедалар санна, тӀекхочур ду цунна Ӏадор.
Буьйсанна шайтӀанан мохо иза дӀа а хьо.
21Малхбалехьарчу мохо иза дӀаваьхьча,
иза кхин хир вац. Шен метта тӀера
оцу мохо дӀахьокхур ву иза.
22Къинхетам боцучу мохо иза дӀахьоькху,
цуьнан караравала гӀертачу хенахь.
23Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тӀараш вовшахдетта,
иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ».
Copyright information for
CheCAC2012