b Забур 110:10; Кицанаш 1:7; 9:10.

‏ Job 28

Хьекъалаллех лаьцна йолу байт

1Иштта, дети доккху меттиг а ю,
деши лалош а, цӀандеш а меттиг а ю.
2Эчиг лаьтта бухара схьадоккху,
ткъа цӀаста, маьӀда хуьлий, лела.
3Серло а яхьаш, адамо хьехан бода дӀабоккху.
Уггар генахь йолчу меттигашкахь лохуш ву иза.
КӀоргачу боданехь маьӀда лохуш ву иза.
4Цо лаьттах маьӀда даккха гӀу йоккху,
нах Ӏаш болчунна генахь а йолуш,
адаман ког кхачаза йолчу меттигашкахь.
Адамашна генахь а волуш,
гӀун чохь машшаш тӀехь кхозу иза.
5Шена тӀехь ялта кхуьуш долу латта,
кӀоргенехь цӀарца дагийча санна, аьхкина хуьлу.
6Оцу меттигехь саппир цӀе йолу тӀулгаш ду,
ткъа царна тӀехь дешин чан ю.
7Цига боьду некъ цхьана а акха олхазарна а ца бевза,
и некъ цхьана а лечин бӀаьргана а ца гина.
8Курачу акхаройн лар а цига ца кхаьчна,
иштта цхьа а лом цигахь ца лелла.

9Адамаша тархийн чӀогӀалла йохош шайна некъаш доху,
цара лаьмнаш ораматашна тӀера дуьйна тӀекӀелдоху.
10Цара тархашна юккъехь шайна некъаш доху,
лаьтта бухара бахам гучуболу церан бӀаьргашна хьалха.
11Цара хиш арадовлу кортош а лоьху
Цара хиш арадовлу кортош а лоьху – я иштта: Цара лаьтта бухара хиш сеца а до.
,
къайлаха долу хӀума гучу а доккху.
12Амма мичара доккху те хьекъалалла?
Кхетамалла йолу меттиг мичахь ю те?

13Адамна цуьнан мах а ца бевза,
дийначийн лаьтта тӀехь а иза карор бац.
14КӀоргачу хино боху: «Суна чохь иза дац».
ХӀордо а боху: «Соьгахь а иза дац».
15ЦӀеначу деших а иза лур дац,
дети а оьзна, цунах а иза эцалур дац.
16Апаран дешица а иза дусталур дац,
я дезачу тӀулгех ониксах а, саппирах а дусталур дац.
17Я деши а, я цӀена ангали а цуьнца дусталур дац,
я цӀеначу деших йолчу пхьегӀех а хийцалур дац.
18Маржанаш а, чекхсагун тӀулгаш а дийца а ца оьшу,
хьекъалалле кхачар массо а жовхӀарел а деза ду.
19Цуьнца нислур дац Хуша-махкара топаз,
цӀеначу деших иза эцалур дац.

20Мичара долу те хьекъалалла?
Мичахь ю те кхетамаллин меттиг?
21Иза массо а дийначу хӀуманан бӀаьргах къайладаьккхина ду,
иштта стигаларчу олхазарех а къайладаьккхина.
22Талхаран меттиго а, Ӏожалло а боху:
«Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна».

23Далла бен ца хаьа цунна тӀебоьду некъ,
Цунна хаьа иза долу меттиг а,
24хӀунда аьлча Цунна дуьненан йисте кхаччалц дерриг а гуш ду,
стигална бухахь дерг а дерриг а гуш ду.
25Цо механ ницкъ билгалбаьккхинчу хенахь,
хийн барам билгалбаьккхинчу хенахь,
26иштта догӀанна бакъо лучу хенахь,
ткъесана тача лучу хенахь,
27эццахь хьекъалалла а гина, иза талла а теллина,
цуьнан йозалла а йовзийтина, иза дӀахӀоттийра Цо.

28 bТӀаккха аьлла Цо адаме:
«Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду,
ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду».
Copyright information for CheCAC2012