‏ Job 29

Аюбан тӀаьххьара къамел

1Аюб кхин а къамел дан волавелира: 2«Ма лаьар-кх суна дӀадахана беттанаш духадоьрзийла,
Дала со ларвеш хилла долу денош духадоьрзийла,
3Цуьнан къуьда сан коьрта тӀехула богуш а болуш,
ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан!
4Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь,
Делаца йолу тӀекаре сан хӀусамехь йолчу хенахь.
5Нуьцкъала Дела соьца вара,
сан бераш а дара суна уллохь.
6Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тӀехь,
ткъа тарха тӀера охьаоьхуш зайтдаьтта дара.
7ГӀалин ков долчу ара а ваьлла,
со майданахь сайн метте охьахиъча,
8кегий нах, сох шайн бӀаьрг кхетча, суна хьалха къайлабовлура,
ткъа къаной, хьала а гӀовттий, лаьттара.
9Баьччанаш, бист а ца хуьлуш,
шайн бета тӀе куьг а дуьллий, лаьттара.
10Ткъа хьалдолчеран аьзнаш дӀасовцура,
церан меттанаш стигалх дӀалетара.

11Со хезаш мел верг со хестош хуьлура,
ткъа со гинарш суна хастамаш беш хуьлура,
12хӀунда аьлча аса гӀо доьху пекъар кӀелхьарвоккхура,
гӀо доцуш болчу боберашкахьа гӀо а доккхура.
13Лечуьра кӀелхьарваьккхинчо со декъал а вора,
бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура.
14Бакъахьа лелар – сан духар санна дара,
ткъа нийсо – сан оба а, чалба а санна яра.
15Со бӀаьрзечунна бӀаьргийн метта вара,
ткъа астагӀчунна когийн метта вара.
16Мискачарна со ден метта вара,
хийрачун гӀуллакх а ас къастадора.
17Зуламхойн моччагӀалш а ас дохадора,
церан багара ижу а ас схьайоккхура.

18Ас олура: „Со сайн бен чохь лийр ву,
сан денош, хӀорда йистера гӀум санна, дукха хир ду,
19сан орамаш хи тӀе кхочу,
сан гаьннаш тӀехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш,
20сан сий а дац тишлуш,
сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“.
21Адамаша собарца ладугӀура соьга,
дист а ца хуьлуш, сан хьехаме хьожура.
22Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара,
сан дешнаш, догӀа санна, царна тӀеоьхура.
23ДогӀане санна, сатуьйсура цара соьга,
бӀаьстенан догӀанан тӀадамашна санна,
шайн баганаш хьала а гӀиттайора.
24Уьш ца тешара, со шайна велавелча,
сан юьхь тӀера лепаро уьш иракара а хӀиттабора.
Ас царна некъ гойтура, со церан баьчча а вара.
Шен эскархошна юкъахь Ӏаш волу паччахь санна, вара со царна юкъахь.
Дог доьхначарна синхьаам беш верг санна, вара со царна».
25

Copyright information for CheCAC2012