‏ Job 3

Аюб вистхилар

1 aЦул тӀаьхьа Аюб ша винчу денна неӀалт кхайкхо волавелира. 2Цо бохура: 3«ХӀаллакьхилла дӀадолийла со вина долу де а,
сан ненах лаьцна: „Иза доьзалхочух хилла!“аьлла йолу буьйса а.
4Ӏаьржа бода хилла дӀахӀуттийла и де,
стигалахь волчу Далла иза дага а ма догӀийла,
Цо оцу денна тӀе серло а ма лойла!
5Бодано а, Ӏожаллин ӀиндагӀо а юхадохийла иза.
Марха со винчу денна тӀе хӀуттийла.
Ӏаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла.
6Бодано и буьйса чӀогӀа схьалоцийла!
Шеран деношна юккъе ма йогӀийла иза,
беттийн деношна юккъе а ма йогӀийла!
7Цу буса цхьа а бер дуьнен чу ма долийла!
Ма хезийла цу буса синкъераме аз!
8Левиятан цӀе йолу хӀордан саьрмик лело хууш болчу
бозбунчаша неӀалт кхайкхадойла цу денна!
9Цуьнан Ӏуьйренан седарчий Ӏаржделла хуьлийла!
Ӏуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна,
маьлхан зӀаьнарш а ма гойла цунна!
10Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а,
цо хӀара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза!

11ХӀунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш,
хӀунда ца велла дуьнен чу воллушехь?
12ХӀунда эцна со шайн кара,
хӀунда белла суна накха?
13ХӀинца паргӀат Ӏуьллуш хир ма вара со,
синтемехь а хир ма вара со,
14паччахьашца а, хьехамчашца а,
дассийна цӀенош шайна юхаметтахӀиттийна болчу.
15Я элашца Ӏуьллуш хир вара, деши а гулдеш,
шайн цӀенош детих хьаладузуш болчу.
16Хеназа бер санна со къайла хӀунда ца ваьккхина?
Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дӀа хӀунда ца воьллина?
17Белла Ӏесанаш вонаш дечуьра ма совцу,
шаьш кешнашка ма-кхеччи,
дахаро гӀелбинарш цигахь садоӀуш ма хуьлу.
18Цигахь лаьцна болу нах а паргӀат ма бовлу,
шайн тӀехьожуш болчеран аз а ца хезаш.
19Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу,
ткъа лай шен олахочунна хьалха паргӀат хуьлу.

20ХӀунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло,
синан гӀайгӀанехь волчунна дахар а хӀунда ло?
21 bЦара Ӏожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу,
мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара.
22И санна болу нах, шайна каш карийча,
баккхийбеш хир бара, чӀогӀа цунах сакъераделла.
23ХӀунда луш ю адамна серло,
цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча,
массо а агӀор Дала цунна го бина хилча?
24Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду,
хи санна, охьаоьхуш сан бӀаьрхиш ду.
25Со къаьхкаш хилларг суна тӀекхечи,
со кхоьруш хилларг суна хили.
Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац,
я садаӀар а дац: сан са карзахдаьлла».
26

Къамелийн хьалхара дакъа

(4:1–14:22)

Элипаз

Copyright information for CheCAC2012