Job 30
Аюба кхидӀа а элира: 1«ХӀинца сол жимах берш сох буьйлуш бу.Церан дай ас сайн жа лардеш долчу
жӀаьлешна улло а буьтур бацара.
2Суна хӀун пайда бара куьйгашкахь болчу ницкъах,
оцу дайн гӀора цаьргара дӀадаьхьна хилча?
3Къоьллех а, мацаллех а гӀелбелла,
буьйсанна яьссачу аренгахь
декъа орамаш доура цара.
4Коьллашна юкъара сорам боккхура цара,
ткъа чаьмза жолам-колл царна кхачанна яра.
5Адамашна юкъара дӀалоьхкура уьш,
къушна тӀе санна, царна тӀе мохь хьоькхура.
6Церан Ӏойла дакъаделлачу хин Ӏаннаш чохь ду,
лаьттах долчу оьрнашна а, тархашна а юкъахь.
7Коканийн коьллашна юкъахь, варраш санна, Ӏоьхура уьш,
нитташна юкъахь шаьш дӀахьулбора.
8ЦӀе йоцу, пайда боцу,
махкара лаьллина лелош йолу арданг!
9Цара сох хӀинца кхардаран йиш лоькху,
сох лаьцна цара масалш а даладо.
10Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка,
со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара.
11Сан секхаӀодан зӀенар дӀа а яьстина,
Дала со гӀел а вина, суна гӀело а йина.
Цундела суна дуьхьал дуьрста йоцуш бу уьш.
12Аьтто агӀор суна тӀелета и арданг,
сан когаш тӀера со бертал ветта цара,
со верхьама шайна некъ а боккхуш.
13Цара сан кӀелхьарваларан некъ бохийна,
со дакъазаваккхарна аьтто бо цара,
цхьа а шайна гӀо деш воцуш.
14Пенах даьккхинчу доккхачу Ӏуьргах санна, чулелха уьш суна.
Пенан дакъош охьадужучу хенахь суна тӀебеттало уьш.
15Ӏадош долу къематаш догӀу суна тӀе,
сан юьхькӀам, мохо санна, дӀасабаржабо,
со кӀелхьарваларан йиш, марха санна, йов.
16Сан са дӀадолуш доллу,
баланийн денош тӀекхаьчна суна.
17Буьйсанна сан даьӀахкаш лозу,
сан лазар а дац цкъа а соцуш.
18Боккхачу ницкъаца сан бедар хьийза а еш,
Дала сан барзакъан кач дӀалоцу.
19Цо со хоттана юккъе кхуссу,
хӀинца со чан а, овкъарш а санна ву.
20Со Хьоьга кхойкху, амма Ахьа суна жоп ца ло,
со Хьуна хьалха лаьтташ ву, амма Хьо соьга схьа ца хьожу.
21Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца,
Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа.
22Со хьала а айина, сихачу мохе хьовзавайти Ахьа,
чӀогӀа хьоькхучу мохаца со дӀаса а ветта Ахьа.
23Суна хууш ду, Ахьа со Ӏожалле вуьгуш вуйла,
дуьнен чохь вехаш волу массо а стаг кхочур волчу метте.
24Декъазачунна тӀе куьг айдеш хуьлу,
орца а дохуш, цунна тӀехь хала киртиг хилча?
25Хала дахар долчунах воьлхуш вацара те со?
Къечунах къинхетам ца бора те ас?
26Ас диканах сатуьйсучу хенахь, бала кхечи соьга,
ас серлоне сатесча, бода тӀебеа.
27Сан кийрара цӀе дӀа ца йолу,
баланийн денош ду суна тӀедаьхкина.
28Сан чкъор Ӏаржделла, амма иза малхо Ӏарждина дац.
Адамийн гуламна хьалха дӀа а хӀоьттина, ас гӀо доьху.
29Со хӀинца чангӀалкхийн ваша а,
страусийн доттагӀа а хилла.
30Ӏаржделла сан чкъор охьадужу,
дерриг а сан дегӀ дагаро дӀалаьцна.
31Сан мерз-пондар а бу боьлхуш,
тийжаш ю сан зурма а».
Copyright information for
CheCAC2012