‏ Job 31

Аюба кхидӀа а элира: 1«Сайн бӀаьргашца бина барт бу сан,
уьш зудабере хьарамлонца дӀахьожур бац аьлла.
2Иштта хилча, хӀун кхоллам бара те лакхарчу Дала суна кечбинарг?
ХӀун кхел йинера те суна стигаларчу Нуьцкъалчо?
3Зуламхошна лерина дац те дакъазабовлар,
харцонаш лелочарна лерина бац те бохам?
4Далла ца го те сан некъаш,
массо а сан гӀулч Цо ягар ца йо те?

5Ас чӀагӀо йо, со харцонаш еш ца лелла аьлла,
мекарниг дан сан ког сих ца белла аьлла.
6Дала со бакъдолчу терзан тӀехь узийла,
тӀаккха хуур дара Цунна, со цӀена вуйла.
7Со нийсачу некъа тӀера галваьллехь,
сан бӀаьргаша сан дог вонна тӀе дерзийнехь,
сан куьйгаш хьарамчу хӀумано бехдинехь, –
8ас дӀадийнарг кхечо доийла,
сан зӀийдагаш орамашца цхьаьна хьалайохийла.

9Нагахь сан дагна уллорачун зуда а езаелла,
сайн уллорачун неӀарехь кӀелонаш ас йинехь,
10сан зудчо кхечунна кохьар хьийзайойла,
цуьнца буьйшуш кхиберш а хуьлийла,
11хӀунда аьлча иза хьарамло хир яра,
цунна кхелахой кхел ян езаш хир бара.
12Иза массо а хӀаллакдеш йолу цӀе хир яра.
Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара.

13Нагахь ас сайн ялхошца нийсо лелош ца хиллехь,
церан сайца къовсам баьлча,
14ас хӀун дийр дара, Дела суна хьалха дӀахӀоьттича?
Цо сайга хаттар дича, ас хӀун эр дара Цуьнга?
15Со Кхоьллинчо и ялхо а ца кхоьллина те?
Тхайн нанойн кийрахь тхойшиъ а Цо ца кечвина те?

16Ас чӀагӀо йо, къечун дехар ас дӀа ца теттина аьлла,
йисина Ӏачу зудчун бӀаьргаш ас ца кхолийтина аьлла.
17Ас чӀагӀо йо, сайн бепиг ас сайна ца дитина аьлла,
цунах байлахь бисинчарна дакъа а ца деш.
18Со жима волчу хенахь дуьйна байлахь бисинчарна да санна хилла,
бисина болчу зударшна ненан кийрахь дуьйна гӀо дина ас.

19ТӀедуха хӀума цахиларна стага бала хьегар а,
къечу стагана тӀетаса хӀума цахилар а сайна гича,
20ас царна тӀедуха хӀума лора,
сан уьстагӀийн тӀергӀано уьш бох а бора,
ткъа цара даггара баркаллаш а олура.

21Нагахь ас боберана дуьхьал буй айбинехь,
гӀалин кевнехь болчу кхелахошкара
сайна гӀо хир дуйла а хууш,
22сан куьг белша тӀера охьадужийла,
пхьаьрсан голлец каглойла сан куьг.
23ХӀунда аьлча Дала сайна бохам барх со чӀогӀа кхоьруш вара.
Цуьнан возаллина дуьхьалвала сан ницкъ хир бацара.

24Нагахь санна со деших тешнехь,
я цӀеначу дешига ас аьллехь:
„Хьо сан чӀагӀо ю“,
25нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь,
сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь,
26нагахь санна маьлхан къегаш хиларе а,
беттасин сийлахьчу боларе а хьоьжуш,
27сан дог царах къайлаха Ӏеха а делла,
уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь,
28иза кхел ян дезаш долу зулам хир дара,
лакхарчу Далла ас тешнабехк бийр бара.

29Сайн мостагӀа валар бахьана долуш воккхавеш хилла со,
я цуьнга вон деача, сакъералуш хилла?
30МостагӀчунна Ӏожаллин неӀалт кхайкхош,
сайн баге къа ца летадайтира ас.
31Сан хӀусамна чохь болчара эр ма ду:
„Аюба жижигах ца вузийнарг вуй ткъа?“
32Ваьлла лелачо цкъа а арахь буьйса ца яьккхина:
сан цӀийнан неӀарш цунна массо а хенахь дӀайиллина хилла.
33 34Ас чӀагӀо йо, сайн къинош сайн четахь дӀа ца хьулдина аьлла,
кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла,
хӀунда аьлча адамийн тобанех со дӀакъехкар вара,
вист а ца хуьлуш, сайн хӀусама чохь сеццал,
тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара.

35Соьга стаг ладугӀуш велахьара!
Айса мел аьлларг чӀагӀдо ас.
Нуьцкъалниг суна жоп луш велахьара!
Нагахь санна со бехкевеш волчо
сан стенна тӀехь бехк бу яздинехьара,
36и йоза ас сайн белшаш тӀехь лелор дара,
таж санна, иза сайн коьрта тӀе дуьллур дара.
37ТӀаккха айса мел баьккхина ког дӀабуьйцур бара аса,
элана санна, Цунна улло гӀур вара со.

38Сан лаьтто суна дуьхьал кхайкхош делахь,
оханна тӀера хершнаш доьлхуш делахь,
39ас царна тӀера ялта мах боцуш диънехь,
я цу ахархойн дегнаш ас дохийнехь,
40кха тӀехь кӀен метта коканаш долийла,
ткъа мекхан метта асар хьалакхуьийла».

Цу тӀехь чекхделира Аюбан къамел.
Copyright information for CheCAC2012