‏ Job 32

ЭлихӀус дина къамелаш

(32:1–37:24)

1ТӀаккха Аюбан кхо доттагӀа цунна дуьхьал хӀумма а ца олуш сецира, хӀунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара. 2Эццахь бузихойх волу Барахиалан кӀант ЭлихӀу оьгӀазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихӀу Аюбана оьгӀазвахара, цо ша Делал а чӀогӀа бакъвар бахьана долуш. 3Иштта Аюбан кхаа доттагӀчунна а оьгӀазвахара ЭлихӀу, хӀунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира. 4ЭлихӀу Аюб вистхилла валлалц собар деш вара, хӀунда аьлча къамел деш берш берриш а цул баккхий бара. 5Амма, важа кхоъ кхин хӀумма а ца олуш сецча, иза оьгӀазвахара.

ЭлихӀу

6Бузихо волчу Барахиалан кӀанта ЭлихӀус элира: «Шерашца дуьстича, со шул жима ву, ткъа шу сол даккхий ду.
Цундела озавелла, сайна хетарг ца олуш Ӏаш вара со.
7Ас сайга бохура: „Хан яьлларш бист хуьлуьйтур бу ас,
воккханиг ву хьекъалалла дала дезаш верг“.
8Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду,
Нуьцкъалчун Ӏаьнаро цунна кхетам ло.
9Бакъ дац хан яьлла волчун бен хьекъал дац бохург,
къоначарна а го нийсонца дерг.
10Цундела ас боху: „ЛадогӀа соьга,
со а сайна хууш дерг ала воллу“.

11Ас собарца ладуьйгӀира шун къамелашка,
леррина ладуьйгӀира шун хьекъалечу дешнашка,
шаьш ала дезарг аша лоьхучу хенахь.
12Дикка хьоьжуш вара со шуьга,
амма шух цхьаммо а Аюб къар а ца вира,
цо аьллачунна дуьхьал жоп а ца делира.
13Аша баха ца оьшу: „Аюбана чохь хьекъалалла карийна тхуна“.
Аюб къарвийриг Дела хир ву, адам хир дац.
14Аюб соьга луьйш вацара,
цундела ас цунна жоп аша санна лур дац.

15Уьш дог доьхна лаьтта, кхин хӀумма а алалуш а боцуш.
Церан хӀумма а ала ца дисна, уьш дӀасецна.
16Со мел хьежарх а, уьш бист хуьлуш бац,
кхин хӀумма а ца олуш, дӀасецна уьш.
17Цундела ас сайгара жоп лур ду,
сайна хууш дерг а эр ду,
18хӀунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со,
ткъа сан кийрахь долчу сино Ӏаткъам бо суна.
19Сан кийра садеӀалуш доцу керла чагӀар санна бу,
иза эккха боллуш болу пӀаьлдиг санна бу.
20Соьга алийта, суна атта хилийтархьама.
Сан балдаш дӀаделлийта, соьга жоп далийтархьама.
21Цхьаьнгге а ас озабезам бийр бац,
цхьана а адамна хьеста а лур вац со.
Суна хьеставала ца хаьа,
амма иза иштта ца хилча,
со Кхоьллинчо со сихха дӀавоккхур вара».
22

Copyright information for CheCAC2012