a Аюб 13:27.
b Аюб 4:13.

‏ Job 33

ЭлихӀус кхидӀа а элира: 1«Ткъа хӀинца, Аюб, ас бохучуьнга ла а догӀа,
массо а ас олучу дешан тидам а бе.
2ХӀинца ас сайн бага дӀайоьллу,
сан дешнаш меттан юьххьехь ду.
3ЦӀеначу даг чуьра сан дешнаш схьадовлу,
суна хууш дерг сан матто цӀена схьабоху.
4Со Делан Сино кхоьллина,
Нуьцкъалчун Ӏаьнаро суна дахар ло.
5Хьайн аьтто белахь, жоп ло суна,
соьца къовса кеч а ло, дӀа а хӀоттий.
6Далла хьалха со а хьо верриг ву,
со-со а ву поппарх вина.
7Цундела сох болчу кхерамо хьо Ӏада ма во,
хьуна тӀехь болу сан Ӏаткъам беза хир бац.

8Суна сайна хезира ахьа мел аьлларг,
хьан аз хӀинца а сан лерехь ду:
9„Со цӀена ву, зуламаш лелийна а воцуш,
со бехказа ву, къинош летийна а воцуш.
10Ткъа Далла суна таӀзар дан бахьанаш карадо,
со Шен мостагӀа а лору Цо.
11 aЦо сан когашна буржалш тоьхна,
ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу“.

12Цу тӀехь хьо бакъ вац, Аюб,
хӀунда аьлча Дела адамал лекха ву.
13ХӀунда къийсало хьо Цуьнца,
адамо олучу дешнашна Цо жоп ма ца ло?
14Дела адаме юх-юха а вистхуьлуш велахь а,
Цо бохург ца тусало стагана.
15 bЦо гӀенах олу стаге я буьйсанан суьртехь,
кӀорга наб адамна кхеттачу хенахь
я шен меттахь стаг Ӏуьллучу хенахь.
16ТӀаккха церан лерг сама а доккхий,
дикка гучу тайпана царна лерина
долу Шен дӀахьедар до Цо,
17стага дан леринарг цуьнга ца дайта а,
цуьнан куралла дӀаяккха а,
18иштта иза эхартана гена ваккхархьама а,
цуьнан дахар Ӏожаллин хих чекх ца далийтархьама а.
19Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза,
цуьнан даьӀахкашкахь гуттар а тӀом а латтош.
20ТӀаккха цуьнан кийрано яа хӀума тӀе ца оьцу,
уггар токхе йолу хӀума а цуьнга ца яало.
21Цуьнан дегӀ гӀелло, цунах хӀумма а ца дуьсу,
хьалха гуш йоцу цуьнан даьӀахкаш гучуйоху.
22Цуьнан са эхарте кхочуш ду,
ткъа цуьнан дахар – Ӏожалла
тӀеяхьаш болчу геланчашка.

23Амма нийса муха лела деза гайтархьама,
адамна юкъалелаш долу малик делахь,
вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ,
24оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле:
„Эхарте кхачарх паргӀатваккхахьа иза,
цунах такха дезарг суна карийна“.
25ТӀаккха цуьнан дегӀ къона волуш хилларг санна, дӀахӀуттур ду,
иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка.
26Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву.
Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу.
Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.
27Нахе дӀадуьйцур ду цо шена хилларг:
„Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш,
амма суна догӀу таӀзар Цо суна ца дина.
28Эхарте кхачарх со паргӀатваьккхира Цо,
хӀинца сан дахар серлонах дуьзна ду“.

29И дерриг а Дала адаман дуьхьа деш ду,
кхин шозза, кхузза дукхах а деш,
30цуьнан са эхарте кхачарх даккхархьама а,
цунна дахаран серло лепийтархьама а.

31Тидам бе, Аюб, ладогӀа ас бохучуьнга.
ХӀумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду.
32Амма хьайн ала хӀума делахь, суна дуьхьал ала.
Вист а хила, хӀунда аьлча суна лаьа хьо бехказавоккхийла.
Нагахь хьайн ала хӀума дацахь, вист а ца хуьлуш Ӏе,
ас Ӏамор ду хьуна хьекъале дерг».
33

Copyright information for CheCAC2012