a Забур 61:13.
Job 34
1ТӀаккха ЭлихӀус шен къамел кхидӀа а дира: 2«ЛадогӀа, хьекъалчаш, ас бохучуьнга,шайн лергаш соьга схьадерзаде, кхетам берш,
3хӀунда аьлча лергаша дешнаш къастадо,
матто юучу хӀуманан чам къастош санна.
4Талла а теллина, ваьшна нийса хӀун ду къастор вай,
вайна юкъахь диканиг хӀун ду девзар вайна.
5Аюба элира: „Со нийса ву,
амма Дала сан гӀуллакх кхеле ца диллира.
6Со нийса велахь а,
харц лоруш ву со.
Сан бехк боццушехь,
суна йинарг йоьрзур йоцу чов ю“.
7Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг?
Цо Деле кхардаме хӀуманаш, хи молуш санна, дуьйцу,
8иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела,
цуьнан некъаш Ӏесачеран некъех дӀакхетта.
9ХӀунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац,
Далла тамехь хила иза гӀерташ хилча!“
10Кхетам берш, ладогӀа соьга!
Дала харцдерг лело йиш яц,
Ницкъболчо зулам лело а йиш яц.
11 aЦо стагана цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина ло доггӀург,
хӀоранна а леларна хьакъ дерг дӀало Цо.
12Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до,
Ницкъболчо харцкхел а ца йо.
13Хьан хӀоттийна Иза дуьненна Ӏуналла дан?
Мила ву дерриг а дуьненна тӀехь куьйгалла деш верг?
14Нагахь Цо Шен дог даийтича,
Шен са а, садеӀар а Цо юхадаьккхича,
15эццахь дуьнен тӀехь мел долу адам,
хӀаллак а хилла, чан хилла дӀахӀуттур дара.
16Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь,
со а хезаш, ас бохучуьнга ладогӀа.
17Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй?
Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан?
18Делан паччахье ала йиш ю: „Хьо – сий доцург ву“,
Цуьнан йиш ю элашка а ала: „Шу – Ӏесанаш ду“.
19Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо,
ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо,
хӀунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу.
20ЦӀеххьана, буьйса юккъе яханчу хенахь, уьш ле.
Массо а инзарваьллачохь а вуьтий, уьш дӀакхелха.
ПӀелг тӀе пӀелг а тоьхна, Цо ницкъберш дӀалохку.
21Везачу Элан бӀаьргаш адаман некъаш тӀехь ду,
Цунна адамо мел боккху ког а го.
22Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг,
харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш.
23Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу,
иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама.
24Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший,
церан метта кхинаш дӀахӀиттабо,
25хӀунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гӀуллакхаш.
Буьйсанна царна тӀехь толам а боккхий, уьш дӀахьоьшу Цо.
26Ӏесачу нахана санна, царна таӀзар до Дала,
массо а нахана уьш гуш болчу меттехь,
27Шена тӀаьхьахӀиттинчуьра уьш дӀабирзина дела а,
Шен некъийн цара тидам ца бина дела а.
28Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду,
ткъа гӀело хьоьгучеран узарш а Цунна дӀахезаш ду.
29Иза вист а ца хуьлуш Ӏаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу?
Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву?
Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а,
30диндоцу стаг паччахь вина дӀа а ца хӀоттийна,
нахана кӀело йиначуьнга царна тӀехь куьйгалла ца дайта.
31Цкъа а Деле аьллий ахь: „Со бехке ву,
хӀинца чул тӀаьхьа ас къинош летор дац.
32Суна ца хууш дерг Ахь суна Ӏамадехьа?
Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“.
33Дала деш дерг ахь дӀатоттучу хенахь
таӀзар даза Иза Ӏийр ву моьтту хьуна?
Хьо ву сацам бан безарг, со вац.
Ала хӀинца хьайна хууш дерг.
34Кхетам болчара соьга эр ду,
со хезна волчу хьекъалчо эр ду:
35„Хьекъале къамел дац Аюба дийриг,
маьӀна долуш хӀума дац цо бохург“.
36Зуламхоша санна, жоьпаш даларна,
Аюбана кхоччуш таӀзар динехьара!
Шен къиношна тӀе цо аьрхалла а туху.
Вайна юкъахь деза дешнаш а детташ,
Деле Ӏеса къамелаш деш ву иза».
37
Copyright information for
CheCAC2012