‏ Job 36

1ЭлихӀус, кхин а шен къамел дӀа а деш, элира: 2«Жимма собар де, ас гойтур ду хьуна,
Делан цӀарах кхин а хӀума ала дезаш хилар.
3Ас сайн ойла тайп-тайпанарчу меттигашкара схьаялор ю,
со Кхоьллинарг нийса хилар ас билггала гойтур ду.
4Бакъду, сан дешнаш харц ца хуьлу.
Кхетам кхоччуш болу со хьоьгахьа ву.

5Дела сийлахь ву, ткъа цхьа а дӀа ца тотту Цо.
Иза сийлахь ву, Цуьнан кхетам кӀорга бу.
6Ӏесаниг Цо дийна ца вуьту,
гӀело хьоьгучунна нийса кхел йойту.
7Шен лаамехь волчунах бӀаьрг ца бадабо Цо,
ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту,
лекхачу даржехь иза хилийтархьама.
8Нагахь уьш, буржалш а тоьхна,
Ӏазапехь латтош белахь,
9Цо дӀагойту цара мел лелийнарг а,
дозаллех буьзна уьш хиларна, церан аьрхалла а.
10ТӀехдеттаре ладогӀийта церан лергаш дӀадоьллу Дала,
иштта шаьш лелочу зуламех дӀаберзар царна тӀедуьллу Цо.
11Цуьнга ла а дугӀуш, Цунна гӀуллакх а деш уьш лелахь,
цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду,
шайн дахаран шераш самукъане дохур ду.
12Нагахь Цуьнга цара ла ца догӀахь,
уьш Ӏожаллин хих чекхбевр а бу,
кхетам боцурш санна лийр а бу.

13Даггара дин ца лелочара шайн дегнаш чохь оьгӀазалла латтайо,
цара Цуьнга ца кхойкху, Цо шайна буржалш тоьхча а.
14Уьш къона болчу хенахь церан синош леш ду,
цӀуйн дуьхьа вовшашца лелачу божаршна юкъахь.
15Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргӀатвоккху Цо,
цуьнан гӀело хьегарехула лергаш дӀадоьллу Цо.

16Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера
цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга,
хьуна хьалха токхе шун а хӀоттийнера Цо.
17Амма хӀинца Ӏесачунна догӀу таӀзарх вуьзна ву хьо,
цунна леринчу кхело а, таӀзаро а схьалаьцна хьо.
18Варелахь, хьоле хьо Ӏеха ма вайталахь!
Боккхачу кхоэ хьо тила ма вайталахь!
19Хьайн хьал доккха хиларна
я хьо чӀогӀа гӀерташ хиларна,
баланех кӀелхьарвер ву те хьо?
20Халкъаш цӀеххьана меттахдохуш
йолчу буьйсане са ма тийса.
21Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь,
хӀунда аьлча цунах дӀаверзарна
гӀело хьоьгуш ма ву хьо.

22Хьажал, мел боккха бу Делан ницкъ!
Кхин вуй ткъа Цул воккха хьехамча?
23Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг?
Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“?
24Иллешкахь наха дуьйцуш долчу Цуьнан
гӀуллакхашна хастамаш бан виц ма ло.
25Уьш массо а адамашна гина ду,
амма стагана геннара бен уьш гина дац.
26Ма сийлахь ву Дела – Цунах вай кхетар дац.
Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац.

27Цо хин тӀадамаш Шена схьагулдо,
ткъа, догӀа а литтина, царах дохк до.
28Мархаша шайн тӀуналла охьаӀанайо,
шортта догӀа охьадогӀу адамашна тӀе.
29Цхьа а ца кхета, мархаш муха дӀасаяржайо Дала,
иштта Шен хӀусамна тӀера стигал муха къекъайо Цо.
30Хьажал, Шена гонах Дала стелахаьштиг туху,
ткъа хӀордан бух, дӀахьулбина, къайлабоккху.
31Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо,
царна шортта кхача а ло Цо.
32Цо куьйгаца схьаоьцу стелахаьштиг,
цунна мича кхета деза а дуьйцу Цо.
Ткъесан гӀовгӀано хаам бо дарц хьакхарх,
ткъа бежанашна иза тӀедар хууш ду».
33

Copyright information for CheCAC2012