‏ Job 37

ЭлихӀус кхидӀа а элира: 1«Цу бахьанина сан дог дегош ду,
меттах а даьлла, сан дог деттало.
2ЛадогӀа стигал къекъарх тера долчу Делан озе,
ладогӀа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе.
3Ерриг а стигал кӀелахь Цо къоьгуьйту
Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц.
4ТӀаккха Делан озо гӀовгӀа йо.
Шен возаллин озаца Цо гӀовгӀа йо.
Шен аз хезаш долчу хенахь
стелахаьштигаш а ца сецадо Цо.
5Тамашийна схьахезаш ду Делан аз,
вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хӀуманаш до Цо.
6Лоне Цо олу: „Лаьтта тӀе охьагӀо“,
догӀанан йочане: „Сихха охьаэга!“
7ХӀорра а болх бечуьра дӀасацаво Цо,
массарна а Ша дийриг дӀахаийтархьама.
8Акхарой дӀалечкъийлашна чу а йоьлхий,
шайн баннаш чохь совцу.
9Къилбехьара йилбазмох хьоькху,
къилбаседехьара шело кхочу.
10Шен садеӀарца Дала ша бойту,
тӀаккха хийн шералла чӀагӀйина дӀахӀутту.
11ДогӀанан мархаш Цо тӀуналлех юзу,
цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо.
12Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю,
дерриг а дуьнен тӀехь Цо аьлларг кхочуш а деш.
13Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду,
я лаьттана таӀзар дархьама,
я нахана Шен безам гайтархьама.

14Оцу хӀуманийн тидам бехьа, Аюб.
ДӀасацахьа, Делан исбаьхьачу гӀуллакхашка хьажахьа.
15Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до,
Цо ткъес муха къогуьйту?
16Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало?
Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гӀуллакхаш ду уьш.
17Хьуна тӀера бедарш йохлой дӀахӀуьтту,
къилбехьара бовхачу мохо латта дӀатедича.
18Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дӀасаяржо,
заьнгалчу цӀастанах дина куьзга санна,
иза чӀагӀдина дӀа а хӀуттуьйтуш?
19Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг.
Цуьнца дуьйцучу хенахь хӀун ала деза,
тхо боданехь дехаш Ӏаш ма ду.
20Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те?
Ша дӀакхаьллина хилар стага доьхий те?

21Леррина малхе хьажа йиш яц,
стигал, мох хьаькхча, дӀа а цӀанйина,
иза стигалахь сов къегаш хилча.
22Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу,
Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.
23Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан.
Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина,
Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю.
Цо цхьана а стагана гӀело а ца йо.
24Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу,
амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо».
Copyright information for CheCAC2012