‏ Job 38

Везачу Эло Аюбана жоп далар

1ЭлихӀу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла.

Веза Эла

2«Сан Ӏалашонаш хьекъале доцучу
дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву?
3ДӀаехка хьайн гӀодаюкъ, къонахчо ма-еххкара:
Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло.
4Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дӀахӀоттош?
Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хӀуманна тӀекхиънехь.
5Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза!
Мила ву цунна тӀехула дустаран тӀийраг дӀасаяржийнарг?
6Стенна тӀе хӀоттийна дуьненан бух,
хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тӀулг,
7дерриг а Ӏуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь,
стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь?
8 aЛаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь
хӀордана хьалхара кевнаш дӀа хьан къевлина?
9Ас, духар санна, цунна тӀе мархаш ехкира,
буькъачу боданна юккъе иза дӀа а хьарчош.
10Ас иштта хӀордана доза а къастийра,
цунна хьалха догӀа тухуш йолу кевнан неӀарш а хӀиттош.
11Ас цуьнга элира: „ХӀокху метте кхаччалц схьабогӀур бу хьо,
амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгӀенийн“.
12Хьан дахарехь ахьа цкъа а Ӏуьйренна омра диний,
я Ӏуьйренан цӀийяларна цуьнан меттиг дӀахӀоттийний?
13Ахь сатасарна шен йистошца латта дӀа а лоций,
цунна тӀера Ӏесанаш охьакхисса аьлла, тӀедожийний?
14Ӏуьйренан цӀийяларехь дерриг а латта, мухӀарна бухахь поппар санна, хийцало,
лаьттан лакхенаш а, кӀоргенаш а, духар санна, гучуйовлий, дӀахӀуьтту.
15Сатасаро Ӏесачу нахана безаш болу бода дӀалоцу,
иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху.

16Хьо кхаьчний хӀорд схьаболучу меттигашка?
Хьо леллий, кӀоргачу хийн къайленаш а толлуш?
17Ӏожаллин кевнаш гайтиний хьуна?
Эхартан кевнаш гиний хьуна?
18Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна?
Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь.
19Серло ехачу метте муха кхочур ву,
мичахь ду бода чохь Ӏаш долу цӀа?
20Уьш хила безачу метте дӀабигалур буй хьоьга?
Шайн хӀусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна?
21Хьуна иза хууш хир ду-кх, хӀунда аьлча
хьо и хан тӀекхачале дуьнен чу ваьлла ву ткъа?
Хьан дахаран денош вуно дукха ду ткъа?

22Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо,
гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,
23Ас халачу заманна лерина латтош йолу,
мостагӀа тӀелатар я тӀом баллалц.
24Муха кхача веза шена тӀера стелахаьштигаш дӀасаяьржаш йолчу меттиге
я малхбалехьара мох лаьтта тӀехула дӀасадаьржаш йолчу меттиге?

25Хьан доху стигалахь догӀанна некъаш,
иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш,
26цаьрга даьссачу лаьтта тӀе а,
адам доцучу аренна тӀе а догӀа даийта,
27эрна а, яьсса а аре хих Ӏаборхьама а,
бецашка зӀийдагаш тасийтархьама а?
28Вуй ткъа догӀанан да?
Хьан деш ду тхин тӀадамаш?
29Хьенан кийрара араболуш бу ша,
ткъа стигалара йис хьан йо?
30Хиш а, тӀулг санна, чӀагӀ а лой,
дӀахӀуьтту, хӀорд а тӀехулара чӀагӀло.

31 bВорхӀ Седа цӀе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй?
Орион цӀе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй?
32Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам,
иштта Нана-ча а, Чен кӀорнеш а цӀе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан?
33Хаьий хьуна, стигалийн бакъонаш муха ю?
Цаьрга лаьттана куьйгалла дайталур дуй хьоьга?

34Мархашка хьайн аз айалур дуй хьоьга,
цигарчу хине хьо верриг а ваша а войтуш?
35Ткъесаш ахьа аьллачу метте дӀагӀур дуй,
эр дуй цара хьоьга: „Тхо кийча ду“?
36Мархашна хьекъалалла хьан делла,
дохк муха хила деза, хьан кхетам белла?
37Мила ву стигалара мархаш ягаръяллал хьекъал долуш а,
уьш агӀор а яьхна, догӀа даийттал ницкъ болуш а,
38цул тӀаьхьа ченах хатт а хилла,
цу лаьттах гӀорзанаш еш верг?

39Хьо ижуна тӀаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа,
мацделла лелачу цуьнан кӀорнеш юзорхьама,
40уьш шайн бен чохь дӀатебна Ӏачу хенахь
я уьш коьллаш юккъехь кӀело йина Ӏачу хенахь?
Хьан кечйо хьаргӀанна юург,
цуьнан кӀорнеш Деле кхойкхуш,
юург ца карош лелачу хенахь?»
41

Copyright information for CheCAC2012