‏ Job 39

Везачу Эло кхидӀа а элира: 1«Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан,
сено кӀорнеш еш гиний хьуна?
2Хьуна хаьий, цара маса баттахь шайн кӀорнеш кийрахь лелайо?
Хьуна хаьий, цара уьш маца ян еза?
3Шайн кӀорнеш ечу хенахь, уьш охьатаьӀа,
иштта шайн кӀорнеш дуьнен чу йоху.
4Церан бераш, аренгахь даккхий а хуьлий,
тӀаккха, кхин цкъа а юха ца догӀуш, дӀадоьлху.

5ПаргӀатоне кхача хьан дӀахецна акха вир,
цунна тӀера буржал хьан дӀадаьккхина?
6Ас эрначу аренах цуьнан цӀа дина,
дуьрачу аренах цуьнан хӀусам йина.
7Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гӀалин гӀовгӀанах,
цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш.
8Гунаш тӀехула йолалой, шена юург лоху цо,
баьццара мел йолчу хӀуманна тӀаьхьаяьлла лела иза.

9Ахьа бохург дан луур дуй те акхачу старана,
буьйса йоккхур юй те цо хьан хьаьвданна уллохь?
10Хершнаш даха муьшаца хьоьга дӀабехкалур буй акха сту,
хьуна тӀаьхьара мекха боккхур буй цо хьан кха тӀехь?
11Цуьнан боккхачу ницкъана цунах тешна Ӏийр вуй хьо?
ЧӀогӀа къахьегар цунна тӀедилла ваьхьар вуй хьо?
12Цуьнга ялта схьа а гулдайтина,
хьаьтта схьадаийта ваьхьар вуй хьо?

13Страус олучу олхазаран тӀемаш сакъерадаларца дӀасадеттало,
амма чӀерийдохурган месашца уьш дусталур дац.
14Страусо шен хӀоаш лаьтта тӀехь дуьту,
уьш гӀамар тӀехь дохдалийта.
15Цунна дага ца догӀу царна тӀе цхьаммо ког боккхург хилар а,
я акхароша уьш дохорг хилар а.
16Страус къиза ду шен кӀорнешца,
цунна уьш хийра долуш санна хета,
шен къахьегар эрна хиларх а ца кхоьру иза.
17Ас хьекъалалла цунах генадаьккхина,
иштта цунна кхетам а ца белла.
18Амма ша дада дагахь хьалаайделча,
иза беречух а, говрах а доьлу.

19Аюб, ахьа белла те говрана ницкъ?
Цуьнан вортана ахьа йина те кхес?
20Ахьа и говр, цӀоз санна, кхийсайолуьйту те,
ша чӀогӀа хур дарца адам кхера а деш?
21Говр, лаьттах ког а бетташ, ша-шех самукъадолуш хуьлу.
Иза шен ницкъ ма-хуьллу тӀамтӀе хьаьдда йоьду.
22Иза кхерамах йоьлуш хуьлу,
цхьаннах а ца кхоьруш хуьлу,
ткъа туьрах иза дӀа ца къехка.
23Ӏад-ботт ду цуьнан агӀонна тӀехь декаш,
къегаш ду гоьмукъ а, цамза а,
24шен чуьраяларца цо лаьттах ка етта,
ткъа, коьман маӀан аз хезча, иза цхьана меттехь ца сацало.
25Шена коьман маӀан аз хезча, говр терса,
геннара хаало цунна тӀом болу меттиг а,
тӀемалойн хьаькамийн аз а, тӀеман цӀогӀа а.

26Хьан хьекъалаллица лела те куьйра,
шен тӀемаш къилбехьарчу мохана дуьхьал а дерзийна?
27Ахьа аьлла те аьрзуне стигала лакха хьалаяала,
лекхачу лаьмнашкахь шен бен а бе?
28Тархашна юкъахь цо буьйса йоккху,
ирачу тархех цо шен гӀап а йо.
29Цигара шена ижу лоху цо, хӀума яархьама.
Геннара схьахьоьжу цуьнан бӀаьргаш а.
30 aЦуьнан кӀорнеша цӀий молу,
байинчеран декъий долчохь а иза хуьлу».

31ТӀаккха Веза Эла кхин а вистхилира Аюбе: 32«Нуьцкъалчуьнца къуьйсуш волчо Иза нисвийр вуй те?
Дела бехке вечо жоп лойла Цунна!»

Аюб

33Юха Аюба Везачу Элана жоп делира: 34«Со хьакъ вац – Хьуна жоп дала муха ваьхьар вара со?
Сайн юьхь тӀе куьг дуьллу ас, сайн багара дош ца далийтархьама.
Юх-юха а со вистхуьлуш велахь а,
сан кхин жоп а дац, кхин хӀумма а ас дуьйцур дац».
35

Веза Эла

Copyright information for CheCAC2012