‏ Job 40

1Везачу Эло Аюбе, дарцана юккъера схьа вист а хилла, элира: 2«Хьайн гӀодаюкъ, къонахчо санна, дӀаехка:
Ас хаттарш дийр ду хьоьга, ткъа ахьа Суна жоп ло.
3Хьо Сан кхел яр харцдан воллу,
хьо бехказавалархьама, Со бехке а веш?
4Хьан дуй ткъа Делан санна нуьцкъала куьг,
Цуьнан санна долчу озаца хьоьга къекъалур дуй?
5ТӀаккха возаллица а, юьхькӀамца а хазло,
иштта сий а, исбаьхьалла а хьайна тӀедуха.
6Хьайн чӀогӀа йолу дералла дӀа а хеца,
курачуьнга дӀа а хьажий, иза охьатаӀаве.
7Массо а курачаьрга дӀа а хьажий,
уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабе,
шаьш мел лаьттачу меттигашкахь
Ӏеса нах дӀа а хьаша.
8Уьш лаьттах а бохкий,
боданечу эхарта чу йийсаре дӀабига.
9ТӀаккха Ас-Айса хьуна хьалха даре дийр ду
хьан аьтту куьйго хьо кӀелхьарвоккхург хилар.

10ХӀинца бегемотах лаьцна дуьйцур ду Аса.
И доккха дийнат, хьо санна, Аса дина ду.
Цо буц йоу, стеро санна.
11Шен гӀогӀашкахь ма ницкъ болуш ю иза!
Цуьнан гайна тӀехь долу пхенаш ма чӀогӀа ду!
12Цуьнан цӀога, баганан дитт санна, чӀогӀа ду,
ткъа пхенаш цуьнан хенаш тӀехь вовшахъхьирчина ду.
13Цуьнан когийн даьӀахкаш цӀестан турбанаш санна ю,
цуьнан пӀендарш аьчка гӀожмаш санна ду.

14Иза Аса кхоьллинчарна юкъахь уггар ницкъ болуш ю.
Сайн туьраца иза кхоьллинчу Соьга бен иза эшалур яц.
15Цунна лаьмнаша ло кхача,
циггахь ловзуш лелаш ду аренан акхарой.
16Коканийн коьллашна кӀел Ӏуьллу иза,
уьшалийн шач юкъахь дӀалечкъа.
17Оцу коьллаша шайн ӀиндагӀа кӀел иза дӀалачкъайо,
хина йистерачу дак-дитташа цунна го бо.
18Хи къиза лелачу хенахь, иза цунах ца къехка.
Йордан-хи шен бета тӀе деача а, иза синтемехь ю.
19Цуьнан бӀаьргашна хьалха а хӀоьттина,
цуьнан мерах мӀара хьаьнга чекхбаккхалур бара?

20 aМӀераца Левиятан цӀе йолу саьрмик хьалабаккхалур барий хьоьга,
муьшаца оцу саьрмикан мотт дӀабехкалур барий?
21Цуьнан мерӀуьргахула тӀийраг чекхъяккхалур ярий хьоьга,
я мехаца мочхалх Ӏуьрг даккхалур дарий?
22Цо хьоьга юх-юха а дехарш дийр дуй те?
Иза хьоьга эсалчу дешнашца бистхир буй те?
23Гуттаренна а хьан лай хила,
цо хьоьца барт бийр буй те?
24Олхазарца санна, цуьнца ловзуш хир ву хьо?
Хьайн гӀарбашийн дуьхьа иза дӀабоьхкур бу ахь?
25ЧӀерийлецархоша, хьоьца мах а бийцина, хьоьгара оьцур бу иза?
Цара, нахана дӀабохкийтархьама, совдегаршна юкъахь боькъур бу иза?
26Цуьнан цӀока хьоьга гоьмукъех юзалур ярий
я цуьнан коьртах чаьнчакх
Чаьнчакх – иза даккхий чӀерий лоьцуш, царна тухуш болу ира цхьамза бу.
чекхъяккхалур ярий?
Нагахь санна хьайн куьг цунна тӀе ахь диллахь,
и тӀом хьуна, иштта кхин ца леллал, дага боуьйтур а бу».
27

Copyright information for CheCAC2012