Job 41
Везачу Эло кхидӀа а элира: 1«Левиятан караӀамо хьан сатийсам харц хир бу!Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву.
2Иза меттахъхьабан ваьхьар волуш цхьа а вац.
ТӀаккха Сан юьхь-дуьхьал хӀотта мила ву?
3Соьга декхар такхийта Суна хьалха мила хӀуттур вара?
Массо а стигална бухахь мел дерг Сан ду.
4Цуьнан меженех лаьцна ца олуш Ӏийр вац Со,
иштта цо динчу сийлахь гӀуллакхех а,
схьахьаьжча, цуьнан кеп товш хиларх а.
5Цунна тӀера бедар хьаьнга схьаяккхалур ю?
Цуьнан шалхачу гӀаьгӀна хьаьнга хӀума Ӏотталур ю?
6Хьан хьалагӀаттор ю цуьнан бага?
Гонах йолчу цуьнан цергаша Ӏадаво.
7Цуьнан букъ тӀехь турсийн могӀарш ду,
готтачу мухӀаро вовшахтоьхна долу.
8Уьш юх-юххехь духкуш ду,
царна юккъехула хӀаваъ а чекхдер дац.
9Цхьаъ вукхунна улло таьӀна ду,
дӀаса ца деккъал вовшахтоьхна.
10Цо хьоршам тоьхча, ткъес тоьхча санна хета,
цуьнан бӀаьргаш сатасаран зӀаьнарш санна лепа.
11Цуьнан багара араюьйлуш цӀе ю,
суйнаш дӀаса а детташ.
12Цуьнан мерӀуьргашкахула кӀур арабуьйлу,
кхехкаш болчу яй чуьра Ӏаь ма-яллара.
13Цуьнан садеӀаро кӀоранах а цӀе тосу,
ткъа багара аракхуьйсуш цӀеран алунаш ю.
14Цуьнан вортанехь боккха ницкъ бу,
и къемате хиларо стаг Ӏадаво.
15Цуьнан дилханан хершнаш готта дӀатоьхна ду.
Уьш меттах ца долу лалийна эчиг санна ду.
16ТӀулг санна долу цуьнан дог кхерамбоцуш ду,
иза, хьеран бухалара кохьар санна, чӀогӀа ду.
17Иза хьалагӀоттучу хенахь турпалхой а Ӏадабо,
дог доьхна а болуш, уьш цунах юхабоьрзу.
18Цунна тӀе тоьхна долу тур латталур дац,
гоьмукъо я цамзано, я пхаро цунна зен дийр дац.
19Эчиг цунна ча санна кӀеда ду моьтту,
цӀаста цунна мурйоьлла дечиг санна хета.
20Иза секхаӀодан пхерчех дӀа ца боду,
ткъа ширдолаган тӀулгаш цунна кегаш санна ду.
21Шена чхьонкар кхетча, чамхалг
Ӏоттаелча санна хета цунна,
ткъа гоьмукъ кхетча иза боьлу.
22Цуьнан гай кхийрачу пхьегӀийн ира геригаш йолуш санна ду,
сазз тӀехула иза лелча, цуьнан лар, мекха такхийча санна, хуьлу.
23Хин кӀорге цо, яй санна, кхоьхкуьйту,
хӀорд, молханийн чорпа санна, дӀахӀоттабо.
24Цо шена тӀаьхьа къегаш йолу лараш юьту,
хин кӀоргенна тӀехь къежбелла корта санна хилар хоьтуьйтуш.
25Оцу экхане нислуш кхин цхьа а экха дац,
цунна кхерам бохург хӀун ду а ца хаьа.
Иза майрра хьоьжу массо а дегалчу экханашка,
массо а курачу акхарошна тӀехь иза паччахь ду».
26
Аюб
Copyright information for
CheCAC2012