a Аюб 38:2.
b Аюб 38:3.
c Аюб 1:1-3.

‏ Job 42

1Аюба иштта жоп делира Везачу Элана: 2«Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а,
Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а.
3 aАхь хаьттира: „Мила ву Сан Ӏалашонаш
хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг?“
Бакъду, со ца кхеташ долчу хӀуманех лаьцна,
сайна а ца хаъал дукха хала долчух лаьцна дуьйцура ас.
4 bАхь элира: „Соьга ладогӀа, Со вистхир ву.
Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло“.
5Суна Хьох лаьцна хьалха дуьйцуш хезнера,
ткъа хӀинца сайн бӀаьргашца гина Хьо суна.
6ХӀинца со айса аьллачунна дохковаьлла,
цундела ченашна а, овкъаршна юккъе а хиъна Ӏаш ву».

Чаккхе

7Аюбе Шен къамел дина Ша ваьлча, Веза Эла теманхо волчу Элипазе вистхилира: «Со хьуна а, шина доттагӀчунна а чӀогӀа оьгӀазвахана, аша Сох лаьцна Сан ялхо волчу Аюба санна нийса дерг ца аьлла дела. 8Цундела, ворхӀ сту а, ворхӀ уьстагӀ а схьа а эций, Аюб волчу гӀо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тӀера дагоран сагӀа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тӀера доӀа дийр ду, хӀунда аьлча цуьнгара долу доӀа бен Ас тӀеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догӀучу тайпана таӀзар дийр дац Аса».

9ТӀаккха теманхо волчу Элипаза а, шуахьахо волчу Билдада а, иштта наӀматхо волчу Цупара а, бахана, Везачу Эло шайга аьлларг дира. Везачу Эло Аюбан доӀа тӀеийцира.

10 cШен доттагӀашна тӀера Аюба доӀа дича, Везачу Эло цунна беркат юхадерзийра. Цуьнан хиллачул а шозза дукха бахам белира цунна Везачу Эло. 11Аюб волчу схьагулбелира берриг а цуьнан вежарий а, йижарий а, берриг а цуьнан хьалха хилла болу доттагӀий а. Иза волчохь тойнехь Ӏийра уьш, цунах къинхетамаш беш, цуьнан дог а хьостуш, Везачу Эло цунна тӀе мел еана хилла халонаш бахьана долуш. Цара хӀораммо а цунна цхьацца цуьрг дети а, дашо хӀоз а белира.

12Везачу Эло цуьнан дӀаяьллачу заманал а чӀогӀа декъалдира цуьнан дисна дахар. ХӀинца цуьнан бейтта эзар уьстагӀ а, газа а яра, ялх эзар эмкал а яра, цхьа эзар шуьста а бара, иштта цхьа эзар виркхела а яра. 13Цуьнан ворхӀ кӀант а, кхо йоӀ а яра. 14Хьалхарчу йоӀан цӀе Ямимат
Ямимат – иза «кхокха» бохург ду.
тиллира цо, шолгӀачун цӀе КъациӀат
КъациӀат – иза «духӀи» бохург ду.
тиллира, ткъа кхозлагӀчун цӀе Къарин-ХӀапух
Къарин-ХӀапух – иза «хаздаран гӀутакх» бохург ду.
тиллира.
15Дерриг а лаьтта тӀехь бацара Аюбан зудаберел хаза зударий. Аюба, шен бахамах дакъош а дина, кӀенташна санна, зудаберашна а дӀасадийкъира уьш.

16Цул тӀаьхьа кхин а бӀе шовзткъа шарахь вехира Аюб, цунна шен берийн бераш а, берийн берийн бераш а гира, доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц. 17ТӀаккха Аюб, къан а велла, шен оьмар дуккха а денойх а юьзна, велира.
Copyright information for CheCAC2012