Job 5
Элипаза кхидӀа а элира 1«Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду?Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гӀо доьхур ду?
2Карзахвийларо сонтаниг войур ву,
хьегаро хьекъал доцург хӀаллаквийр ву.
3Ӏовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна,
амма сихха цуьнан цӀенна неӀалт кхайкхийна ас.
4Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду.
Нагахь гӀалин кевнна уллохь
цаьрца стаг кхеле валахь,
царна гӀо дан цхьа а вац.
5Цуьнан ялта мецачо дӀакхоллур ду,
цо иза ур-атталла коканех а цӀандийр ду,
ткъа хьогах берш цуьнан бахамах хьоьгур бу.
6Зулам лаьтта бухара арадолуш ма дац,
ткъа бохам кха тӀехь хьалаболуш а бац.
7ЦӀеран суйнаш ирх ма лелххара,
адам бала хьега кхоьллина ду.
8Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тӀе воьрзур вара,
сайн гӀуллакх аса Цунна хьалха дӀахӀоттор дара.
9Даккхий ду Цуьнан гӀуллакхаш, царах вай кхетар доцуш,
Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дагардина а вер вац.
10Цо лаьтта тӀе догӀа а доуьйту,
кхаш тӀе хи а дуьллу.
11Шаьш кӀезиг хеташ берш Цо лакхабоху,
тийжаш берш Цо кхоччуш маьршабоху.
12Цо хӀилланчийн дагалацамаш бохабо,
уьш кхочуш ца хилийтархьама.
13 aХьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу,
мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту.
14Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча,
буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела.
15Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кӀелхьарвоккху,
мисканиг церан бетера догӀучу туьрах Цо ларво.
16Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю,
ткъа харцоно шен бага дӀачӀагӀйо.
17 bДекъала ву Дала нисво стаг.
Нуьцкъалчун таӀзар дегаза ма хета,
18 cхӀунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дӀа а йоьхку.
Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до.
19Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо,
уьш хьох хьакха а лур бац.
20Дала мацаллех хьо кӀелхьарвоккхур ву,
тӀам тӀехь туьрах а ларвийр ву.
21Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву,
бохам хьайна тӀебеача,
цунах хьо кхера ца веза.
22ХӀаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву,
акхаройх а хьо кхоьрур вац.
23Аренгахь долчу тӀулгашца а хьан барт хир бу,
акхарой а хир ю хьоьца машарехь.
24Хьуна хуур ду, хьайн четарна кхерам боцийла,
ткъа хьайн бахаме хьоьжуш хилча, дайна хӀума хир доцийла.
25Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар,
хьайн тӀаьхьенах берш аренгара буц санна хилар.
26Къанвелча бен хьуна Ӏожалла гур яц,
ялтин цӀевнаш шен хеннахь дӀа-ма-хӀиттора.
И хӀума тхуна иштта хир дуйла хиъна,
цундела, тхоьга ла а догӀий, хӀара хьехар дӀаэца».
27
Аюба Элипазана жоп далар
Copyright information for
CheCAC2012