‏ Job 6

1Аюба иштта жоп делира: 2«Сан гӀайгӀа озалур елахьара!
Сан бала терзанна тӀе буьллур белахьара!
3Иза хӀордан йистера гӀамарал а беза хир бара.
Цундела ду сан къамел сел доьхна!
4Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегӀах дохкуш.
Сан синна хаало церан дӀовш,
Делан къематаш ду суна тӀедерзийна.

5Акхачу виро мохь хьоькхий баца тӀехь?
Сту Ӏоьхий шен хьаьвданна тӀехь?
6Чаьмза хӀума йоий туьха доцуш?
Чам буй хӀоьан кӀайчу декъан?
7Бац! Аса и тайпа яа хӀума юур яц!
И кхачанаш суна дегаза хета!

8Сан дехар кхочушдийр делахьара!
Ас сатуьйсург Дала лур делахьара!
9Со дӀахьаша Дела реза хилахьара!
Куьг дӀа а хецна, Цо со хӀаллаквийр велахьара!
10Дала со вийча, сан дагна синтем хир бара,
хӀара инзаре бала аса хьоьгучу хенахь а,
воккхаверна со ирхлелхаш хир вара,
Везачу Делан дешнаш аса дӀатеттина ца хиларна.
11Сан гӀора дӀадаьлла, со вехар ву аьлла, сатуьйсийла а яц,
кхидӀа сайна хиндерг со хууш а вац, садетта кхин бахьана а дац.
12Сан ницкъ тӀулг санна бу те?
Сан дегӀ цӀастанах дина ду те?
13Буй те соьгахь сайна гӀо дан ницкъ,
буй те сан тӀетовжа меттиг?

14Дог доьхначу доттагӀчунна тешаме воцу стаг велахь,
иза Нуьцкъалчу Далла хьалха ларамах вуьзна вац.
15Амма шу тешаме дац, сан вежарий.
Сиха йоьдучу хин Ӏоврех болччул бен тешам бац шух,
16шайна чохь дешаш долу ло а,
шен гӀорзанаш а хиларна Ӏаржъелла йолчу.
17Йохъелча, уьш къайлайовлу,
йовхонан чилла йоьлча,
шайн меттигашкахь якъало.
18Церан некъан хершнаш хьийза,
ткъа яьссачу аренга шаьш кхаьчча, яйна дӀайовлу.
19Тейма-махкара эмкалийн къепалша а хи лоьху,
Шеба-махкара богӀуш берш а сатийсамца дӀасахьоьжу.
20Шайна хи карор хиларх шек а ца бовлура уьш,
амма цига кхаьчча, дог доьхна дӀахӀуьтту уьш.
21ХӀинца шу а ду иштта: шайна вон гича,
кхера а лой, дӀахӀуьтту шу.
22Аса шуьга бехирий: „Суна а лойша“,
я „Шайн хьолах сох кхаъ лойша“,
23я „МостагӀийн карара со паргӀатваккхийша“,
я „Къизачу нахах кӀелхьарваккхийша“?

24Соьгара даьлларг дийцийша суна.
Схьагайтийша, со стенна тӀехь харц ву.
ТӀаккха со дӀатийна хир ву.
25Ма боккха ницкъ бу-кх догцӀеначу дешнашкахь!
Ткъа аша бохучо стенна тоьшалла до?
26Ас дина къамел тӀехтоха дагахь ду шуна?
Дог доьхначун дешнаш, мох санна, хуьлу моьтту шуна?
27Байлахь дисинчу берах а кхаж тосур бара аша,
шайн доттагӀа дикачу мехах дӀавухкур вара аша.
28Ткъа хӀинца, аса доьху шуьга, схьахьовсийша соьга,
дуьйцур дарий аса шуна хьалхахь харцдерг?
29Хийцийша шаьш йина йолу кхел, ма дейша харцдерг.
Метта а дуьйла, со бехказаваккха везаш ву.
Аса шуна харцдерг ца дуьйцу.
Сан матте бохамаш къасталур бац ткъа?»
30

Copyright information for CheCAC2012