Job 7
1Аюба элира: «Адамо дуьнен тӀехь чӀогӀа къахьега дезаш ду.Цуьнан дахар тӀелаьцначу белхалочун санна ду.
2Стаг, суьйренан ӀиндагӀах хьоьгуш волу лай санна ву,
иза иштта алапе сатесна волу белхало санна а ву.
3Оццу тайпана эрна беттанаш суна билгалдаьхна ду,
гӀайгӀанех юьзна йолу буьйсанаш суна лерина ю.
4ДӀавуьжучу хенахь ас ойла йо: „Маца гӀоттур ву те со хьала?“
Ткъа буьйса яхло, малх схьакхетталц дӀасакерчаш Ӏуьллу со.
5Сан дегӀ кӀомарех а, нӀаьнех а хьаладуьзна,
дегӀа тӀера чкъор эттӀа,
ткъа цу чевнашна ноткъа йина.
6Сан денош кӀади деш йолчу чорха тӀехь
дӀасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тӀехлелха,
сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу.
7Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла,
сан бӀаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла.
8Со хӀинцца гинчу бӀаьргашна а со кхин гур вац.
Хьо соьга хьоьжуш хир ву, амма со кхин хир вац.
9Марха, нилха а йолий, дӀайоьду,
иштта эхарта чу ваьлларг юха ца вогӀу.
10Иза цкъа а ша дитинчу цӀа чу юхавоьрзур вац,
цуьнан цӀенна а иза кхин вевзар вац.
11Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац –
аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду,
сайгахь болу бала а дӀабуьйцур бу.
12Со хӀорд бу те я хӀордан саьрмик бу те,
Ахьа со ларван гӀарол хӀотто?
13„Суна биллинчу матто суна синтем бийр бу,
сан аьрзнех маьнгано суна гӀоле йийр ю“, – аьлла, аса ойла йича,
14Ахьа со инзаречу гӀенашца кхераво,
буьйсанан суьрташца со Ӏадийна латтаво.
15Цундела со садукъдина валар гӀоле яра,
хӀокху сайн дегӀа чохь со вехачул.
16Суна сайн дахар къахьделла.
Массо а ханна со вехаш хир вац.
Витахь со, хӀунда аьлча сан дахар эрна ду.
17 aХӀунда хадабо Ахьа адаман сел лакхара мах?
Ахь иза леррина тергал хӀунда веш ву?
18ХӀунда вогӀу Хьо и волчу хӀора Ӏуьйранна?
ХӀунда зоь Ахьа иза мел волчу хенахь?
19Суна тӀера бӀаьрг Ахьа дӀа хӀунда ца боккху?
Цхьанна а ханна Ахьа со-со хӀунда ца вуьту?
20Адамаш ва тергал дийриг! Ас къа латийнехьара,
Хьуна хӀун зен дийр дара ас?
ХӀунда хӀоьттина со Хьан Ӏалашо хилла дӀа?
Ахь дӀакхехьа беза мохь сох хиллий те?
Соьгара даьллачу къинна Ахь геч хӀунда ца до?
Сан зуламна къинтӀера хӀунда ца волу Хьо?
Со кестта ченалахь Ӏуьллур ма ву.
Ахь со лохур ву, амма со кхин хир вац».
21
Аюбе Билдада къамел до
Copyright information for
CheCAC2012