‏ Job 8

1ТӀаккха шуахьахо волчу Билдада Аюбе элира: 2«Дукха дийр дуй ахьа цу тайпана къамел?
Хьан багара схьадолу дешнаш сиха мох санна ду.
3Дала бакъдерг гамдо те?
Нуьцкъалчо нийсо гамйо те?
4Хьан бераша Цунна хьалха къа латийнехь,
и къинош бахьана долуш Цо таӀзар до царна.
5Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь,
нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь,
6хьо билггал дика а, догцӀена а велахь,
Иза хьуна орцах ван хьелур вац,
хьуна йогӀу хӀусам Цо тойийр ю.
7Хьан долахь хилларг кӀезиг хетар ду,
хьан хинболу бахам алсам хир болу дела.

8Хьайн дайшка хатта,
царна гинчух лаьцна ойла е.
9Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хӀумма а ца хаьа,
дуьнен тӀехь долу тхан дахар, ӀиндагӀ санна, сихло.
10Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга,
шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду:

11„Уьшал йоцучохь шач тӀейолий?
Хи доцучохь эрз тӀеболий?
12Ховха а, хадоза а иза боллушехь, хи дӀалакъийча,
вукху бецал а хьалха маргӀалбоьлла дӀахӀуттур бу.
13Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш.
Иштта хӀаллакьхир ю Ӏесачеран сатуьйсийла.
14Цуьнан сатуьйсийла ледара ду,
цуьнан тӀетовжийла гезгамаша бу.
15Шен цӀенна тӀе тевжар ву иза, амма латталур вац,
цо схьалоцур ду иза, амма иза хӀотталур вац“.

16Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву,
цуьнан зӀийдагаш ерриг а бешахула дӀаса а хецна.
17Цуьнан орамаш тӀулгех дӀатийсалуш ду,
жагӀанна юккъехула дӀаса а даьржаш.
18Амма и орамат ша хьалха тӀедолуш хиллачуьра схьадаьккхича,
и тӀедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду.
Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“
19Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар,
ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тӀедовлу.

20Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дӀа ца тосу,
вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гӀо а ца до.
21Цо хьуна юхадерзор ду синкъераме велар,
Цо иштта схьалур ду хьуна воккхаверан аз а.
Хьо ца везарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу,
иштта Ӏесачеран четарш а кхин хир дац».
22

Аюба Билдадана дуьхьал жоп ло

Copyright information for CheCAC2012