a Аюб 4:17.
b Аюб 38:31; Ӏамос 5:8.

‏ Job 9

1ТӀаккха Аюба жоп делира: 2 a«Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух.
Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду?
3Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь,
эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац.
4Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу,
Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву?
5ЦӀеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху,
Шен оьгӀазаллехь уьш харца а до.
6Цо латта меттах а доккху,
цуьнан баххаш дега а до.
7Цо омра дича, малх а схьакхетар бац,
Цуьнан седарчий дӀакъовла а таро ю.
8Цо цхьаммо стигал дӀасаяржайо,
Иза ву хӀордан тулгӀенаш тӀехула лелаш верг.
9 bДала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхӀ Седа а,
иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а.
10Цо мел деш дерг кхетам тӀе ца кхочуш ду,
Цуьнан тамашийна хӀуманаш дагар а далур дац.

11Иза уллохула тӀехваьлча, суна гур а вац,
Иза гергахула лелча, суна хаалур а вац.
12Цунна хӀума дӀадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву?
Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хӀунда до?“
13Дала Шен оьгӀазалла сацор яц,
хӀордан саьрмик болчу РахӀабан гӀоьнчий а
Цуьнан куьйгашна кӀел охьатаӀийра.
14Ткъа со муха къовсалур ву Цуьнца?
Карор дуй суна Цуьнга ала хӀума?
15Со бехк боцуш хилча а, соьга Цунна дуьхьал дош дахьалур дац.
Соьга сан Кхелахочуьнга нийсо яр бен дехалур дац.
16Ас кхайкхинчул тӀаьхьа Цо суна жоп делча а,
со тешар вацара, Цунна со дӀахезна аьлча.
17Йилбазмох а хьокхуьйтуш, Иза суна тӀекхета,
бахьана доцуш сан чевнаш Цо совйоху,
18соьга доккха са ца доккхуьйту Цо,
сан дахар баланех хьаладузу.
19Ницкъах лаьцна аьлча, Иза уггар Нуьцкъалниг ву.
Кхелах лаьцна аьлча, Цо олу: „Со кхеле хьан озор вара?“
20Со бакъ велахь а, сан матто суна кхел йийр яра.
Со бехке вацахь а, Цо со бехке ву эр дара.
21Со бехке вац! Сан бала бац сайна хӀуъа хир делахь а,
хӀунда аьлча суна сайн дахар къахьделла.
22Аса сайга боху: „Массо а хӀума бен доцуш ду.
Бехк боцург а ле, бехк берг санна.
Массеран а дахар хадош верг Дела ву“.
23Еттачу шедо цӀеххьана Ӏожалла еача,
бехк боцург дог доьхна хьовзарх кхаьрда Иза.
24Дуьне Ӏесачеран кара дӀаделла ду,
ткъа Цо кхелахойн бӀаьргаш дӀакъовлу.
Цо дӀакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш?

25Сан денош геланчел а сиха дӀаоьхуш ду,
цхьа а дика ца гуш, уьш дӀаоьхуш ду.
26Уьш, эрзах дина дайн хинкема санна, тӀехдуьйлуш ду,
шен ижуна тӀехьаьдда куьйра санна, сиха тӀехлелха уьш.
27Ас Хьоьга ала тарлора:
„Сайн аьрзнаш дицдийр ду ас,
сайн юьхь самукъане хилийта“.
28Амма со керлачу вонех кхоьру, хӀунда аьлча
суна хаьа Ахьа бехк суна тӀе буьллур буйла.
29Со юха а бехке узур хилча,
стенна хьега деза аса эрна къа?
30Лайн хица юьхь аса йилича а,
сайн куьйгаш аса цӀенна сабанца цӀандича а,
31Ахьа со тӀаккха а модашна юккъе вуллур вара.
Сан бедаршна а со дегаза хетар вара.
32Веза Эла со санна долу адам ма дац.
Цундела сан аьтто бац Цунна жоп дала а,
со Цуьнца цхьаьна кхеле ваха а.
33Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара
Цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара. Ӏебархойн тептар тӀехь: Тхуна юкъахь юкъалеларг вац.
,
шен куьйгаш тхуна тӀедахка.
34Шен гӀаж суна тӀера Цо дӀайоккхийла,
со Шен къематаца Цо кхера ма войла.
ТӀаккха со Цунах ца кхоьруш вист хир вара,
хӀунда аьлча хӀинца со сайна чохь кхиниг ву».
35

Copyright information for CheCAC2012