Joel 2
Дала мостагӀчун эскарехула таӀзар дар
1Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тӀехь!Бегабойла хӀокху мехкан берриг а бахархой,
хӀунда аьлча Везачу Элан де тӀедогӀу, иза герга ду.
2И де боданан а, Ӏаржаллин а де ду,
мархаш а, дохк а долуш.
Лаьмнашкахула дӀасаяьржа буьйса санна,
доккха а, нуьцкъала а долу цӀазан эскар тӀедогӀу.
Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац,
ткъа иза абаде тӀеяллалц а хир дац.
3Цунна хьалха дерг цӀеро дагадо,
цунна тӀаьхьа дерг алуно морцу.
Цуьнан хьалхара латта Ӏеданан беш санна ду,
ткъа цунна тӀаьхьарниг – яссийна аре ю.
Цунах цхьа а хӀума кӀелхьардалалур дац.
4 aЦуьнан васт – дойн васт санна ду.
Церан хахкадалар тӀеман говрийн санна ду.
5Иза гӀудалкхийн гӀовгӀанца санна,
ча догуш лелха цӀеран суйнаш санна,
тӀамана дӀахӀоттийна нуьцкъала эскар санна,
лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела.
6Иза шайна гича, дегор ду халкъаш,
бос а байна, дӀахӀуьттур ю массеран а яххьаш.
7Къовсабелларш санна бовду уьш,
пенашна тӀе бовлу уьш, майра тӀемалой санна.
ХӀора а шен-шен новкъа дӀавоьду,
шен некъа тӀера ца вухуш.
8Вовшийн а ца хьоьшуш,
хӀораммо а шен некъ бо.
Дуьхьалонашкахула уьш ма лелха,
ткъа царна хӀумма а ца хуьлу.
9ГӀали чухула бевдда лела уьш,
пенашна тӀе хьалабуьйлу,
цӀеношна чу гӀерта,
къуй санна, корашкахула чулелха.
10 bЦарна хьалха латта дегадо,
стигал лестайо,
малххий, буттий кхулу,
седарчаша схьалуш йолу серло а дӀайолу.
11 cВеза Эла эскарна хьалха воьду,
Цо Шен эскаре омра до.
Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар!
Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш!
Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду.
Хьаьнга лалур ду те и къематде?
Далла тӀедерзаре кхайкхам
12Амма Везачу Эло хӀинца а боху: «ТӀедерза Суна цӀеначу даггарашаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца.
13Бедарш а ца этӀош, шайн дегнаш этӀаде».
ТӀедерза шайн Везачу Далла!
Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву.
Иза атта оьгӀаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву.
Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу.
14Хьанна хаьа, дохко а ваьлла,
къинхетам бийр бац те Цо?
ТӀаккха шун таро хир ю
шайн Везачу Далла лерина
кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха.
Деле доӀа даре кхайкхам
15Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь,дӀахӀоттадейша Далла марха кхабар,
кхайкхийша халкъ динан гуламе.
16Схьагулдейша халкъ,
базбейша и гулам,
схьакхайкхийша къаной,
схьагулбейша къонахий а,
декхаш долу бераш а.
Араволийла хӀинца зуда ялийнарг ша вехачу хӀусамера,
нускал а арадолийла шен цӀа чуьра.
17Далла гӀуллакх деш болу динан дай тийжийла
кевнна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъехь.
Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах.
Ма кхардийтахьа Хьайн тӀаьхьенах,
кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах.
Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь:
„Мичахь ву церан Дела?“»
Дала жоп далар
18ТӀаккха Везачу Элана Шен латта чӀогӀа дукхадийзира.Цо Шен долахь долчу халкъах къинхетам бира.
19Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира:
«ХӀан, Ас лур ду шуна
ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а.
Царах дузуш Ӏийр ду шу.
Ас кхин дӀалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта.
20Къилбаседехьара деана эскар Ас шуна генадоккхур ду.
Хи доцучу, баьссачу махка дӀаэккхор ду Аса иза.
Цуьнан хьалхара арданг Малхбале хӀорда чу кхуссур ю,
ткъа тӀаьхьарниг – Малхбузе хӀорда чу.
ТӀаккха цунах цхьа боьха хьожа йогӀур ю,
яхкаеллачу хӀуманийн боьха хьожа хьалаетталур ю,
цо шуна сийлахь гӀуллакхаш дарна.
21Ма кхерийша, аренаш,
яккхийъейша, самукъане хилийша,
Везачу Эло шуна сийлахь гӀуллакхаш дина дела.
22Ма кхерийша, дийнаташ!
Яьссачу аренийн дежийлаша бецаш кхиор ю.
Дитташа шайн стоьмаш кхиор бу,
инжиро а, таьлланго а шорто лур ю.
23Даккхийде шу а, Цийонан кӀентий,
сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна.
Цо оьшшучу барамехь дӀаделира шуна догӀа.
Цо, хьалха санна, даийтира шуна
хьалххе хуьлу а, тӀаьхьа хуьлу а догӀа.
24Хьаьттарш а ялтех юзур ю,
муттдоккхургаш а кемсийн муттанах а,
зайтдаьттанах а тӀехъюьзна хир ю.
25Шу долчу Ас тӀехецначу эскаро –
цӀазан хьалхара арданго а,
цӀазан кхин мел йолчу ардангаша а –
хӀаллак мел динарг, Ас меттахӀоттор ду. 26Шаьш Ӏаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу.
Шайн Везачу Делан цӀарна хастамаш бийр бу аша,
шайна тӀехь Цо инзаре гӀуллакхаш дина дела.
Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац.
27ТӀаккха хуур ду шуна Со Исраилан халкъана юкъахь хилар.
Со шун Веза Дела ву, кхин цхьа а дела а вац,
Сан халкъ кхин цкъа а
юьхьӀаьржачу а хӀуттур дац».
Дала Шен Синан Ӏаь дерриг а адамна тӀетохар
28 d«Цул тӀаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе.ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина,
Делера болу хаамаш беш хир бу.
Шун баккхийчарна Делера долу гӀенаш гур ду.
Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхӀуьттуш хир бу.
29Ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а,
Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь.
30Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю
стигалахь а, лаьттахь а:
цӀий, цӀе, кӀуьран бӀогӀамаш.
31 eМалхах бода хир бу,
баттах цӀий хир ду,
Везачу Элан де тӀекхачале.
Иза сийлахь а, къемате а ду.
32 fЦу хенахь хӀорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву.
Везачу Эло ма-аллара, кӀелхьардовлар
Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а хир ду.
КӀелхьарбаьхнарш Дала Ша тӀекхайкхинарш хир бу».
Copyright information for
CheCAC2012