‏ Joel 3

Дала Шен халкъан мостагӀашна таӀзар дар

1«Оццу деношкахь а, оццу хенахь а Ас юхаметтахӀоттор ю ЯхӀуд а, Ярушалайм а.
2Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду.
Уьш ЯхӀушапти-тогӀи
ЯхӀушапти – Ӏебархойн маттахь иза «кхелъяр» бохург ду.
чу схьадалор ду Ас.
Цигахь Ас царна тӀехь кхел йийр ю
Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш.
ХӀунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дӀасадаржийна,
Сан латта а цара дӀасадекъна.
3Цара Сан халкъах кхаж туьйсура,
кӀентий а дӀалора нахаца лелачу зудчух,
йоӀ а чагӀарх дӀаюхкура, маларш а муьйлура.

4 bШу-м хӀун яра Суна, Цора а, ЦӀадан а гӀаланаш, пӀелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду. 5Сан дети а, Сан деши а аша дӀадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хӀуманаш а шайн деланийн цӀенош чу яьхьна. 6ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дӀабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. 7Хьажал, аша дӀабоьхкинчу меттера Аса хьалагӀиттор бу уьш, Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду. 8Шун кӀентий а, йоӀарий а яхӀудхошна дӀабухкуьйтур бу Ас. Ткъа цара уьш шебахошна, геннара долчу халкъана дӀабухкур бу», – иштта аьлла Везачу Эло.

9«ДӀакхайкхаде иза кхечу къаьмнашна юкъахь:
„ТӀамана кечам бе,
иракарахӀиттабе доьналла долу эскархой,
дуьхьалбовлийта массо а тӀемалой.
10 cШайн готанийн хьонхалех тарраш де,
маьрсех – гоьмукъаш бе.
ГӀорасиза волчо а ала:
‘Со ницкъ болуш ву’.
11Сихло, тӀегулло,
гонах мел долу къаьмнаш,
схьадуьйла оцу тогӀи чу“».

Веза Эла, охьабигахьа Хьайн доьналла долу эскархой!

12«Иракара а хӀиттина, къаьмнаш
ЯхӀушапти-тогӀи чу догӀийла:
Со циггахь охьахуур ву,
гонахарчу массо а халкъашна кхел ярхьама.
13 dТӀедерзаде маьрсаш,
ялта кхиъна дела.
Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Ӏовда,
муттдоккхург юьзна дела.
Муттанан пхьегӀаш чуьра мутт тӀехъоьхуш ду,
цара дина зулам доккха долу дела».

Ярушалаймана дина ваӀда

14Тобанаш, тобанаш ю
кхел ечу тогӀи чохь.
Гергга деана Везачу Элан
оьгӀазаллин де оцу тогӀина!
15Малх а, бутт а кхоьлина бу.
Седарчийн лепар а дӀадайна ду.

16 eКъевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара,
Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо.
Стигал а, латта а дегор ду.
Амма Шен халкъана чӀагӀо хилла дӀахӀуттур ву Веза Эла,
Исраилан халкъана гӀап санна хир ву Иза.
17«ТӀаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла,
Сайн безачу Цийон-лам тӀехь вехаш волу.
Ярушалайм еза меттиг хилла дӀахӀуттур ю.
Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а
Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац».

ЯхӀуд-махкана хиндолу беркат

18«Цу дийнахь иштта хир ду:
лаьмнаша чагӀар охьаӀенор ду,
баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю,
ЯхӀуд-мехкан татолаш а хих дузур ду.
Везачу Элан цӀа чуьра шовда охьадогӀур ду,
ткъа цо Шитим-тогӀина хи мийлор ду.

19Мисар-махках яьсса аре хир ю,
ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю.
Иза хир ду царна яхӀудхошна цара ницкъ бар а,
ЯхӀуд-махкахь бехк боцучеран цӀий Ӏанор а бахьана долуш.
20 21Ас царна бекхам бийр бу,
хӀинца а таӀзар даза дисина цӀий бахьанехь.
Амма ЯхӀуд-махкахь даим адамаш дехар ду,
Ярушалаймехь а ехар ю тӀаьхьенийн а тӀаьхьенаш.
Ткъа Веза Эла Цийон-лам тӀехь вехаш хир ву».
Copyright information for CheCAC2012