Joel 1
ЦӀазан тӀелатар а, йокъа а
1Патуалан кӀанте Юале Везачу Элера хаам хилира. 2ЛадогӀа бохучуьнга, къаной!Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой!
Хиллий те хӀара саннарг
шу я шун дай баьхначу деношкахь?
3ДӀахаийта хӀара шайн берашка,
цаьрга а дӀадийцийта церан берашка,
ткъа церан берашка – хинйолчу тӀаьхьене.
4ЦӀазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг
шолгӀачу арданго дуура,
ткъа царах диснарг
кхоалгӀачу арданго дуура,
ткъа царах диснарг
йоьалгӀачу арданго чекхдоккхура.
5Дастало, маларо дахийнарш, делха,
тийжа, массо а чагӀар муьйлурш,
шайн багара иза дӀадаьккхина дела!
6 aСан лаьтта тӀе нуьцкъала а,
барам боцуш дукха а цӀазан эскар деана.
Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю,
ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю.
7Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна,
Сан инжиран дитташ а, дохийна,
дерзина а даьхна, дӀакхиссина!
Церан гаьннаш а кӀайделла.
8Сингаттаман духар тӀе а дуьйхина,
шен къоначу заманчохь дош деллачунна
йоьлху йоӀстаг санна, делхийша!
9ДӀасецна Везачу Элан цӀа чохь
кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар.
Тийжаш бу Везачу Элана
гӀуллакх деш болу динан дай.
10Дассийна кхаш,
доьлху латта,
ялта хӀаллакдина,
кемсийн мутт дӀалекъна,
зайт-дитт а маргӀалдоьлла.
11Эхьах дузийша, латталелорхой,
делхийша, кемсашлелорхой,
гӀайгӀане хилийша кӀена а, мекхана а,
хӀунда аьлча хӀаллакьхилла кхаш тӀехь ялта.
12Якъаелла кемсийн таьлланг,
инжиран дитт а маргӀалдоьлла.
Наран дитт а, хурмин дитт а, Ӏожан дитт а –
дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь.
Цундела массо а адамийн
сакъерадалар а дӀадаьлла.
13Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай!
Тийжа, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь гӀуллакх дийраш!
Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий,
буьйсанаш яха, сан Далла гӀуллакх дийраш!
ХӀунда аьлча шун Делан цӀа чохь лелош дац
кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар.
14ДӀахӀоттадейша Далла марха кхабар,
схьакхайкхийша халкъ динан гуламе,
схьакхайкхийша къаной а,
кху мехкан берриг а бахархой а
шайн Везачу Делан цӀа долчу.
ГӀо доьхуш кхайкхийша,
кхайкхийша Везачу Эле!
Везачу Эло кхел ен де
15 bЭхӀ, ма де ду-кх иза!ХӀунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де.
Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хӀума а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.
16Вайн бӀаьргашна хьалхара
дӀа ца баьккхинера кхача?
Вайн Делан цӀийнера дӀа ца даьккхина
сакъерадалар а, хазахетар а?
17ХӀуш хӀаллакьхилла лаьттан бухахь,
уьш дакъаделла долу дела.
ЧӀоьнаш а яссаелла,
уьш йохийна йолу дела.
18Ма узарш до даьхнино!
Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш!
Яц царна дежийлаш.
УьстагӀийн жаш а ду гӀайгӀане.
19Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла!
ЦӀеро ма ягийна
яьссачу аренан дежийлаш.
ЦӀеран алуно дагийна
аренашкара дерриге а дитташ.
20Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга,
охьаоьхуш хилла йолу хин Ӏовраш якъаелла дела,
цӀеро яьссачу аренан дежийлаш хӀаллакйина дела.
Copyright information for
CheCAC2012