Joel 2:28-32
Дала Шен Синан Ӏаь дерриг а адамна тӀетохар
28 a«Цул тӀаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе.ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина,
Делера болу хаамаш беш хир бу.
Шун баккхийчарна Делера долу гӀенаш гур ду.
Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхӀуьттуш хир бу.
29Ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а,
Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь.
30Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю
стигалахь а, лаьттахь а:
цӀий, цӀе, кӀуьран бӀогӀамаш.
31 bМалхах бода хир бу,
баттах цӀий хир ду,
Везачу Элан де тӀекхачале.
Иза сийлахь а, къемате а ду.
32 cЦу хенахь хӀорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву.
Везачу Эло ма-аллара, кӀелхьардовлар
Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а хир ду.
КӀелхьарбаьхнарш Дала Ша тӀекхайкхинарш хир бу».
Copyright information for
CheCAC2012