John 4
Ӏийса а, шамранхойн зуда а
1Шена тӀаьхьахӀуьтту мурдаш а, шаьш хих чекхбохуьйту нах а Яхьъяна тӀаьхьахӀиттинчарал совбовлар парушхошна хааделлий хиъча, Ӏийсас ЯхӀуд-мохк битира. 2Ткъа нах хих чекхбахар Ӏийсас Ша ца дора, иза Цуьнан мурдаша дора. 3Ӏийса, ЯхӀуд-мохк битина, юха а Галилай-махка вахара. 4ТӀаккха Шамран-махкахула чекхвала дезара Цуьнан. 5 aИштта Ӏийса Шамран-махкара Суьхьар олучу юьрта кхочу. Якъуба шен кӀантана Юсупна деллачу лаьттана юххехьа яра и юрт. 6Цигахь Якъуба яьккхина гӀу яра. Иштта, некъ а бина, кӀад а велла, оцу гӀуна уллохь хиъна Ӏаш вара Ӏийса. Иза де юккъе дахана хан яра. 7Цу гӀуна чуьра хи схьаэца цхьа шамранхойн зуда еара. Ӏийсас элира цуьнга: «Мала хи лохьа Суна». 8Цу хенахь Ӏийсан мурдаш яа хӀума эца юьрта баханера. 9 bШамранхочо Ӏийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хӀунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара ▼▼Я иштта: Шамранхоша лелийна пхьегӀаш жуьгташна лело дегаза хетара.
.) 10Ӏийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“лур дара». 11ТӀаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегӀа а ма яц, ткъа хӀара гӀу кӀорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“? 12Хьо хӀун, вайн дел Якъубал а лакхара ву, цо ша а, цуьнан кӀенташа а, цуьнан хьайбанаша а хи мийлина хилла йолу хӀара гӀу тхуна елла волчу?» 13Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀара хи мелларг юха а хьаглур ву, 14ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дӀахӀуттур ду». 15Зудчо элира Ӏийсага: «Эла, лохьа суна и Айхьа дуьйцу хи, со хьогах ца хилийта а, со кхуза хӀара хи кхехьа ца эхийта а». 16Ӏийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза». 17Зудчо жоп делира: «Сан майра вац». «Нийса боху ахь, хьан майра вац. 18ХӀунда аьлча хьан пхи майра хилла, ткъа хӀинца хьоьца Ӏаш верг хьан майра вац. Иза нийса элира ахьа», – элира Ӏийсас. 19ТӀаккха зудчо элира: «Эла, го суна Хьо пайхамар хилар. 20Тхан дай Далла Ӏибадат дан кху лам тӀе богӀура, ткъа аша и Ӏибадат дан деза меттиг Ярушалаймехь ю боху». 21Ӏийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТӀейогӀуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Ӏибадат я кху лам тӀехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш. 22Шуна-м шайна а ма-дарра ца хаьа, шаьш Хьанна Ӏибадат до. Ткъа тхуна хаьа тхаьш Хьанна Ӏибадат до, хӀунда аьлча кӀелхьардовлар жуьгташкара ма ду. 23Амма тӀейогӀуш ю и зама, тӀееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Ӏибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат деш. ХӀунда аьлча иштта Ӏибадат дийраш лоьху Шена Дас. 24Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Ӏибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат дан деза». 25Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогӀур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна». 26Ӏийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг». 27Цу хенахь Цуьнан мурдаш схьабаьхкира. Уьш цецбевллера, Ӏийсас зудчуьнца къамел деш шайна гича. Делахь а мурдех цхьаммо а ца хаьттира Цуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?» я: «Ахь стенах лаьцна къамел до оцу зудчуьнца», – аьлла. 28ТӀаккха, шен хи кхоьхьу кхаба а йитина, юьрта а яхана, оцу зудчо нахе элира: 29«ГӀой, хьовсал, ас сайн дахарехь мел динчух лаьцна соьга схьадийцинчу Стаге. Дала леррина Къобалвинарг-м вац те Иза?» 30Юьртара ара а бевлла, и нах Ӏийсана тӀе бахара. 31Цу хенахь мурдаша дехар дира Цуьнга: «Рабби, хӀума яахьа!» – аьлла. 32Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хӀун ю а ца хууш йолу яа хӀума ю Соьгахь». 33ТӀаккха мурдаша вовшашка элира: «Цхьаммо яа хӀума-м ца еана те Кхунна?» 34Ӏийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гӀуллакх чекхдаккхар а. 35Ялта дӀадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тӀейогӀур ю вайна“, – ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бӀаьргаш дӀа а беллий, кхаш тӀе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хӀинца. 36Ялта хьокхучо шена догӀург схьаоьцу, Дела волчохь хедар доцучу дахаре стом а гулбеш, ялта дӀадуьйчунна а, хьокхучунна а цхьаьна хазахетар хилийтархьама. 37ХӀунда аьлча нийса боху кицано: „Цхьаммо ялта дӀадоь, вукхо хьокху“. 38Аша шаьш къа ца хьегначу кха тӀе ялта хьакха дахийтина Аса шу. Кхечара къахьегна, ткъа аша цара къахьегначу кха тӀера ялта гулдина». 39Цу гӀалара дуккха а шамранхой тийшира Ӏийсах, оцу зудчо шайга тоьшалла а деш: «Сайн дахарехь ас мел динчух лаьцна схьадийцира Цо соьга», – аьлла дела. 40Цундела Ӏийса волчу баьхкира и шамранхой. Цара, шайца саца аьлла, дийхира Ӏийсага. ТӀаккха Ӏийса шина денна цаьрца сецира. 41Ӏийсан дош бахьана долуш кхин а, хьалхачул а сов, нах тийшира Цунах. 42Ткъа цу зудчуьнга цара элира: «Хьалха ахь дийцарна тийшира тхо. ХӀинца тхуна тхаьшна а Цо дуьйцург хезна а дела, и Стаг баккъалла а дуьне кӀелхьардоккхург вуй го а дела, теша тхо Цунах». Хьаькаман кӀант туовар
43И ши де чекхдаьлча, Ӏийса, цигара ара а ваьлла, Галилай-махка вахара. 44 dХӀунда аьлча Ӏийсас Ша тоьшалла дира, пайхамарийн шаьш схьабаьллачу махкахь сий ца до аьлла. 45 eӀийса Галилай-махка веача, галилайхоша а тӀеийцира Иза. ХӀунда аьлча царна гинера Ярушалаймехь дезачу дийнахь Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Галилайхой а баханера цу Пасахь-дийнахь Ярушалайме. 46 fИштта Ӏийса юха а Галилай-махкара Кхана олучу юьрта веара, Ша цкъа хих чагӀар дина хиллачу меттиге. Цу хенахь Къапарнамехь цхьа стаг вара, ша паччахьан белхало а волуш. Цуьнан кӀант цомгуш вара. 47Ӏийса ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веана аьлла, хезира цу стагана. ТӀаккха, Ӏийсана тӀе а веана, цу стага дийхира Цуьнга, шеца дӀа а веана, и кӀант туовар. ХӀунда аьлча и кӀант вала герга вара. 48ТӀаккха Ӏийсас цу стаге элира: «Я тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш, я Ӏаламаташ ца гича, тешар дац-кх шу Сох». 49Ткъа цу стага дийхира Ӏийсага: «Эла, сан кӀант велла дӀавалале, тӀеволахьа!» – аьлла. 50Ӏийсас элира цуьнга: «ДӀагӀо, хьан кӀантана гӀоле ю». Ӏийсас аьллачух теша а тешна, и стаг дӀавахара. 51Иза цӀа воьдуш, дуьхьалбогӀучу леша: «Хьан кӀантана гӀоле ю», – элира. 52Стага хаьттира цаьрга: «Маца хена дуьйна гӀоле хила йолаелира кӀантана?» Леша жоп делира: «Селхана, делкъахенахь, цхьа сахьт даьлча, дагар дӀаделира цуьнан», – аьлла. 53ТӀаккха хиира кӀентан дена, иза шега Ӏийсас: «Хьан кӀантана гӀоле ю», – аьллачу хенахь хиллий. ТӀаккха и стаг а, цуьнан цӀахь мел берш а тийшира Ӏийсах. 54Иштта, Ша ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веача, шолгӀа а тамашийначу гӀуллакхийн билгало гайтира Ӏийсас.
Copyright information for
CheCAC2012