a Забур 68:22; 21:16.
John 19:28-30
Ӏийсан пӀендаршна юккъе гоьмукъ Ӏутту
28 aЦул тӀаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Ӏийса. ТӀаккха, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со». 29Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТӀаккха тӀемалочо, цу кхаби чу худург а Ӏоьттина, иза ораматан гаьнна тӀе а йихкина, Ӏийсан бете яьхьира. 30Къонза а мелла, Ӏийсас элира: «Кхочушхили!» ТӀаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дӀаделира Цо.
Copyright information for
CheCAC2012