John 3:27-30
27Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь. 28 aШу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“. 29Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагӀа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Ӏаш, цунна хьалхара гӀуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагӀа чувогӀуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хӀинца кхочушхилла. 30Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза».
Copyright information for
CheCAC2012