Jonah 1
Юнус Везачу Элах вадар
1 aАматин кӀанте Юнусе Везачу Элера хаам хилира: 2«Хьала а гӀаттий, йоккхачу Нунав-гӀала гӀо! Цигахь лелачу зуламечу гӀуллакхех лаьцна хаам кхаьчна сан лерге. Нунав-гӀалара бахархошна дуьхьал болу хьехамаш бе». 3Юнус ваха новкъавелира. Амма иза Таршаш-гӀалахьа дӀаволавелира, Везачу Элах дӀавадархьама. ХӀордан йистехь йолчу Яппи-гӀала а кхаьчна, Таршаш-гӀала доьду хинкема карийра цунна. Мах а белла, оцу хинкеманна тӀе велира иза, Везачу Элан юьхь-дуьхьлара дӀавадархьама. 4Амма Дала, хӀорда тӀехь чӀогӀа мох а балийтина, хӀорд ловзабаьккхира. Хинкема дохха доллуш дара. 5Кхерабелла, массо кемалелорхой маьхьарий хьоькхуш бара, хӀораммо а шен-шен деланашка а кхойкхуш. Хинкеманан чуьра кира хӀорда чу кхоьссира цара, кема дайдалийтархьама. Ткъа Юнус, кеманан лаха чу а воьссина, чӀогӀа наб кхетта вижина Ӏаш вара. 6ТӀаккха цунна тӀевеара хинкеманан коьрта хьаькам. «Вижина хӀунда Ӏа хьо? ХьалагӀатта, хьайн Деле кхайкха! Хьан Далла дага а даьхкина, вай хӀаллак ца хуьлуш дуьсур дац-те?» – элира цо. 7Юххехь болчара барт бира: «Дуьйло, вай кхаж тосур бу, вайна тӀе хӀара бала балийнарг мила ву хаархьама», – аьлла. Цара кхаж тесира. Юнусана белира и кхаж. 8ТӀаккха хаьттира хӀордахоша Юнусе: «Дийцахь, хьенан бехк болуш беана вайна тӀе хӀара беза бала? Хьо хӀун лелош ву? Стенгара вогӀу хьо? Мичахь бу хьан мохк? Муьлхачу къомах ву хьо?» – бохуш. 9«Со Ӏебархо ву. Со латта а, хӀорд а кхоьллина волу Веза Эла, стигалара Дела, лоруш ву», – аьлла, жоп делира цаьрга Юнуса. 10Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах, хӀунда аьлча Юнуса ша Далла дуьхьалара къайлаваларан бахьана ма-дарра дийцинера цаьрга. Наха бохура цуьнга: «ХӀунда дина-те ахьа иза?» 11Юха а хаьттира цара Юнусе: «ХӀун дан деза оха хӀорд дӀатейтархьама?» – хӀунда аьлча хӀорд карзахбаьллачуьра соцуш бацара. 12Юнуса элира цаьрга: «Со, схьа а лаций, хӀорда чу кхосса, тӀаккха хӀорд дӀатуьйр бу шуна. Суна хаьа, со бахьана долуш тӀебеаний шуна хӀара беза бала». 13Ткъа хӀара нах, шайгахь ницкъ мел бу гӀоьртина, пийсакаш хьекха буьйлабелира, лаьтта тӀе кхачархьама. Амма цунах гӀуллакх ца хилира, хӀунда аьлча хӀорд, карзахбаьллачуьра ца соцуш, кхин а чӀогӀа адамашна дуьхьалбаьллера. 14ТӀаккха кхайкхира уьш Везачу Эле: «Доьху Хьоьга, Веза Эла, ма дехьа тхо хӀаллак хӀокху стеган са бахьана долуш. Нагахь санна хӀара стаг бехке вацахь, цуьнан цӀий тхох ма хьарчадехьа, хӀунда аьлча Ахьа, Веза Эла, Хьайна лиънарг дина дела», – бохуш. 15ТӀаккха цара Юнус, схьа а лаьцна, хӀорда чу кхоьссира. ХӀорд карзахбаьллачуьра дӀатийра. 16Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах Везачу Элах. Цара сагӀа а даьккхира, нигаташ а дира.
Copyright information for
CheCAC2012