Jonah 2
Юнусан доӀа
1 aВезачу Эло цхьана боккхачу чӀере, Юнус дӀакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чӀеран гай чохь. 2Ша чӀеран гай чохь воллуш, Юнуса доӀанца дийхира шен Везачу Деле. 3Цо элира:«Со гӀайгӀанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас,тӀаккха Везачу Дала суна жоп делира.
Эхартара цӀогӀа туьйхира ас,
тӀаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз.
4ХӀордан кӀоргене, хӀордан даг чу кхоьссина Ахьа со.
Хин Ӏовраша го бина суна.
Хьан массо тулгӀенаш, со керчош,
тӀехула евлла суна.
5ТӀаккха элира ас: „Хьайн бӀаьргашна хьалхара
дӀаваьккхина Ахь со,
амма суна юха а гур ду
Хьан Деза ЦӀа“.
6Бух боцучу хӀордо къевлина со,
сан син тӀе а кхаьчна, дӀалаьцна со хино.
Сан коьртах
хӀордан бецаш хьаьрчина.
7Лаьмнийн буха кхаччалц
охьавеана со.
Гуттаренна а шен гӀораш а доьхкина,
лаьтто дӀакъевлина со.
Амма Ахьа, Сан Веза Дела,
хьалаваьккхира со бух боцучу Ӏин чуьра.
8Кхин сайн тоха са ца хилча,
суна дагавеана Хьо, Веза Эла,
тӀаккха Хьан Дезачу ЦӀа чохь волчу Хьоьга
дӀакхаьчна сан доӀанаш.
9Эрна а, харц а деланаш лоруш берш
шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина.
10Амма сайна тӀера сагӀа
сайн озаца хастам беш доккхур ду ас.
Сайн нигат а кхочушдийр ду ас.
Везачу Элан карахь ду кӀелхьарвалар!»
11ТӀаккха Дала шега аьлча, боккхачу чӀеро Юнус лаьтта тӀе кхоьссира.
Copyright information for
CheCAC2012