aАрадаккхар 34:6.
Jonah 4
Дала къинхетам бар Юнусана халахетта
1Юнусана иза чӀогӀа халахийтира, цундела иза оьгӀазвахара. 2 aТӀаккха цо доӀанна тӀехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гӀала, хӀунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача. 3 bТкъа хӀинца, Веза Эла, дӀаэцахь сан са, хӀунда аьлча суна валар гӀоле ю-кх, вехачул». 4ТӀаккха Везачу Эло хаьттира: «Бакъо юй-те хьан оьгӀазваха?» 5Цул тӀаьхьа Юнус, гӀалара ара а ваьлла, гӀалин йистехь малхбалехьа йолчу агӀор охьахиира. Цигахь цо шена бун йира. Оцу бун чохь ӀиндагӀе а хиъна, гӀаланах хӀун хуьлу-те бохуш, хьоьжуш Ӏара иза. 6ТӀаккха Везачу Дала Юнусана хало ца хилийтархьама а, цуьнан коьрта тӀехула ӀиндагӀ хилийтархьама а, цхьа орамат ▼▼Орамат – иза ду касторка, цуьнан стоьмаш чохь даьтта хуьлу, шуьйра гӀаш хуьлу.
кхиийра. Иза Юнусал а лакхаяьлла хьалакхиира. Юнусана и орамат чӀогӀа хазъелира. 7Цул тӀаьхьа Дала иштта нисдалийтира: шолгӀачу дийнахь сатоссучу хенахь цу ораматан бух нӀаьно, баа а биъна, талхийра. ТӀаккха орамат якъаелира. 8Малх кхетча, Дала малхбалехьара чӀогӀа бовха мох балийтира. Малхехь Юнусан корта чӀогӀа батталора. Цуьнан са малделлера, тӀаккха шена валар дийхира цо: «Валар а гӀоле ду-кх, иштта вехачул», – бохуш. 9Юха а хаьттира Юнусе Дала: «Бакъо юй хьан иштта оьгӀазваха и орамат якъаялар бахьана долуш?» Юнуса элира: «Ю сан бакъо, со валлал чӀогӀа оьгӀазвахана!» 10ТӀаккха элира Везачу Эло: «Хьуна къахетта оцу ораматах, цхьана буса хьала а яьлла, цхьана буссехь хӀаллакьхилла йолчу, айхьа цунна тӀехь къахьегна доццушехь, иза айхьа кхиийна доццушехь. 11Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бӀе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гӀаланах?»
Copyright information for
CheCAC2012