Jonah 3
Юнус Нунав-гӀала воьду
1Везачу Элера шозлагӀа а хаам хилира Юнусе: 2«Вало, гӀо Нунав-гӀала! Цигахь, оцу йоккхачу гӀалахь, бахархошка кхайкхаде Ас хьайга бохург». 3Дала ма-бохху, Нунав-гӀала вахара Юнус. Далла гергахь еза шахьар яра и Нунав-гӀала. Кхаа дийнахь некъ баллал йоккха яра иза. 4 aТӀаккха хьалхарчу дийнахь некъ мел бало, кхайкхам беш волавелла вахара Юнус: «Кхин шовзткъа де даьлча, юхур йолуш ю Нунав-гӀала!» – бохуш. 5ТӀаккха тийшира Делах Нунав-гӀалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тӀедеача юхуш йолу бедарш ▼▼Вон тӀедеача юхуш йолу бедарш – и бедарш хилла таьӀначу шогачу кӀадинах тегна.
тӀеюьйхира. 6Нунавара паччахье а кхечира гӀаланах лаьцна беш болу хаам. ТӀаккха и паччахь, шен гӀанта тӀера хьала а гӀаьттина, шен паччахьан духар дӀа а даьккхина, кхин, вон тӀедеача юхуш йолу, бедарш тӀе а юьйхина, чим тӀе охьахиира. 7ТӀаккха цо Нунав-гӀалахь омра дира: «Паччахьан а, цуьнан гонахара куьйгалхойн а сацам иштта бу: адамаша а, хьайбанаша а, стерчаша а, уьстагӀаша а хӀумма а ма яа, цхьа а беже ма гӀо, цхьаммо а хи ма мала», – аьлла. 8«Массо адамаша вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюха. Даьхнина тӀе хӀуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХӀораммо Далла тӀеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гӀело а ма е», – аьлла. 9«Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгӀазло вайна тӀера дӀа а яьккхина, вай хӀаллак ца деш дита мега Цо». 10ТӀаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТӀаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам.
Copyright information for
CheCAC2012