‏ Joshua 10

ГавӀон-гӀалахь эмархойн эшар

1ЮшаӀа, ГӀай-гӀала схьа а яьккхина, иза йохийна, Ерихон-гӀалина а, цуьнан паччахьна а диннарг ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а дина аьлла, хезира Ярушалайман паччахьна Адани-Цадакхна. Иштта цунна хезира, ГавӀонан бахархой, исраилхошца барт а бина, царна юкъахь Ӏаш бу аьлла. 2Иза хезча, паччахь чӀогӀа кхеравелира, хӀунда аьлча шена тӀехь паччахьо куьйгалла деш йолу муьлхха а гӀала санна, ГавӀон йоккха гӀала яра. Иза ГӀай-гӀаланал а йоккха яра, цуьнан бахархой майра нах а бара. 3Цундела Ярушалайман паччахьо Адани-Цадакха Хьевронан паччахь ХӀохӀам волчу а, Ярмутан паччахь Париам волчу а, Лахишан паччахь ЯпияӀ волчу а, ӀегӀлонан паччахь Дибар волчу а хьадалчаш бахийтира хабар эцна: 4«Со волчу а дуьйлий, ГавӀон-гӀала хӀаллакьян гӀо де суна, цо ЮшаӀаца а, исраилхошца а барт барна». 5Вовшах а кхетта, эмархойн пхи паччахь: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ӀегӀлонан а паччахьаш а, церан эскарш а, меттамотт дӀа а хӀоттийна, ГавӀон-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом бан кечбелира.

6ГавӀонан бахархоша исраилхойн меттамотт лаьттачу метте, Галгала, ЮшаӀ волчу хьадалчаш бахийтира цуьнга ала: «Хьайн леш дӀа ма тасахьара ахь! Тхо долчу сихха схьа а волий, тхо кӀелхьардахахьа! ГӀо дехьа тхуна! Гунаш долчуьра эмархойн массо а паччахь ву тхуна тӀелата кечвелла!»

7ЮшаӀ а, цуьнца дерриг эскар а, шайна юккъехь уггар майра тӀемалой а болуш, Галгалара аравелира. 8Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дӀабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а». 9Буьйсанна сахиллалц Галгалара схьаихна волу ЮшаӀ цӀеххьана тӀелетира эмархошна. 10Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавӀонехь дукха мостагӀий хӀаллакбира. Юха, царна тӀаьхьабевлла, Байт-Хьорон цӀе йолчу лам тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш. Ӏазекхи а, Макхеда а цӀераш йолчу меттигашка кхаччалц, хӀаллакбеш, дӀабигира цара эмархой. 11Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тӀера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тӀе, Ӏазекхи уьш дӀакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал.

12Цу дийнахь ЮшаӀ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавӀонехь Везачу Эло цаьрга уьш хӀаллакбайтина де дара иза. ЮшаӀа исраилхошна хьалха элира: «Малх, ГавӀонана тӀехула сацалахь,
бутт – Айлон-тогӀи тӀехула!»

13 aМалх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагӀашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тӀехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дӀабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»? 14Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгӀна де я хьалха а, я цул тӀаьхьа а хилла дацара, хӀунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тӀом беш вара.

15Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, исраилхойн берриг а тӀемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.

Эмархойн пхи паччахь йийсаре вигар

16И пхи паччахь, вада а ведда, Макхедехь йолчу хьеха чохь къайлаваьллера. 17ЮшаӀе хаам кхечира: «Пхи паччахь карийна, уьш Макхедехь йолчу хьеха чохь дӀалевчкъина бу», – аьлла. 18Цо элира: «Хьехан берте даккхий тӀулгаш тӀе а карчадай, и ларъян нах хӀиттабе. 19Ткъа шу, совца а ца совцуш, мостагӀашна тӀаьхьадовлий дӀагӀо. Церан эскаран тӀаьхьара дакъош хӀаллакде, мостагӀий шайн гӀаланашка дӀа ма бахийта. Шун Везачу Дала шун кара схьа ма белла уьш». 20ЮшаӀа а, исраилхойн тӀемалоша а, мостагӀашна доккха зе а деш, уьш хӀаллакбинчул тӀаьхьа, царах биснарш чӀагӀйина йолчу гӀаланашка бевдира. 21Исраилхойн дерриг а эскар ЮшаӀ волчу, Макхедана уллохь лаьттачу шайн меттаматте, толамца юхадирзира.

Исраилхошна дуьхьал дош ала хӀуттуш цхьа а вацара.

22Юха ЮшаӀа элира: «Хьехана чувоьду меттиг схьа а ястий, цу чуьра пхи паччахь со волчу схьавалаве». 23Цо ма-бохху дира: хьеха чуьра пхи паччахь схьавалийра: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ӀегӀлонан а паччахьаш. 24Шена тӀе и паччахьаш схьабалийча, массо а исраилхочуьнга схьа а кхайкхина, шеца леллачу тӀемалойн хьаькамашка ЮшаӀа элира: «ТӀе а гӀой, шайн когаш цу паччахьийн вортанаш тӀе баха». Цара, тӀе а бахана, паччахьийн вортанаш тӀе когаш бехкира. 25ЮшаӀа элира цаьрга: «Кхера а ма кхера, доха а ма доха, чӀагӀлой а, доьналла долуш а хила. Аша тӀом бен болчу шун массо а мостагӀашца иштта хир ву Веза Эла». 26Паччахьаш, байа а байина, пхеа дитта тӀехь хьалаоьхкира ЮшаӀа. Сарралц цу дитташ тӀехь кхезира уьш. 27Малх чубузучу хенахь ЮшаӀа омра а дина, дитташ тӀера схьа а даьхна, уьш дӀалевчкъина хиллачу хьеха чу кхиссира паччахьийн декъий. Хьехана дуьхьал даккхий тӀулгаш дехкира. Таханлерчу дийне кхаччалц цигахь Ӏохкуш ду уьш.

Къилбера КанаӀан схьаяккхар

28Оцу дийнахь Макхеда-гӀала схьаяьккхира ЮшаӀа, туьра кӀел яхийтира цо иза а, цуьнан паччахь а. Дерриг а цу гӀали чуьра са мел долу адам хӀаллакдира цо: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. Макхедан паччахьна а Ерихонан паччахьна диннарг дира.

29Цул тӀаьхьа исраилхошца цхьаьна Макхедара Либна-гӀала йолчу дӀа а вахана, цунна дуьхьал тӀом бира ЮшаӀа. 30Везачу Эло исраилхойн кара схьаелира и гӀала а, цуьнан паччахь а. Цу чуьра са мел долу адам туьраца хӀаллакдира ЮшаӀа: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. ГӀалин паччахьна Ерихонан паччахьна диннарг дира.

31Юха исраилхошца цхьаьна Либнера Лахиш-гӀала а веана, цунна гонах меттамотт а хӀоттийна, гӀалина дуьхьал тӀом бира ЮшаӀа. 32Везачу Эло Лахиш исраилхойн кара схьаелира, шолгӀачу дийнахь иза схьаяьккхира цара. Цу чохь мел долу садолу адам туьраца хӀаллакдира исраилхоша, Либнехь шаьш ма-дарра. 33Лахиш-гӀалина гӀо дан ГӀазаран паччахь ХӀорам веара, амма ЮшаӀа хӀаллаквира иза а, цуьнан эскар а. Ведда а, висна а, цхьа а царах дийна ца витира цо.

34Цул тӀаьхьа исраилхошца цхьаьна Лахишара ӀегӀлон-гӀала веара ЮшаӀ. ГӀалина гонах меттамотт а хӀоттийна, цунна дуьхьал тӀом бира цара. 35Цу дийнахь иза схьа а яьккхина, цу чохь са мел долу адам туьраца хӀаллакдира исраилхоша, Лахишехь шаьш ма-дарра.

36ЮшаӀ а, исраилхой а, ӀегӀлонара дӀа а бахана, Хьевроне баьхкира. Цигахь гӀалина дуьхьал тӀом бира цара. 37ГӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь а, гӀали чуьра са мел долу адам а, луларчу ярташкахь мел верг а туьраца хӀаллаквира исраилхоша. Цхьа а дийна ца витира цара. ӀегӀлон-гӀалина диннарг дира Хьевронна а: гӀала а йохийра, дерриг адам хӀаллак а дира.

38Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, цуьнан эскар а, юха а дирзина, Дибар-гӀалина тӀе а деана, цуьнца тӀом бан хӀоьттира. 39ГӀала а, цуьнан паччахь а, гонахара ярташ а, схьа а яьхна, туьра кӀел яхийтира цара. Дерриг а са мел долу адам хӀаллакдира: дийна цхьа а ца висира. Хьевронна а, цуьнан паччахьна а, Либнина а, цуьнан паччахьна а диннарг Дибарна а, цуьнан паччахьна а дира.

40Акъареш тӀера а, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренера а, лаьмнийн когашкара а, басенашкара а – массанхьара а мохк схьабаьккхира ЮшаӀа. Церан паччахьаш хӀаллакбира цо. Цхьа а са долу адам дийна ца дитира, исраилхойн Везачу Дала тӀе-ма-диллара. 41Кхадеш-БарнаьӀара Ӏази-гӀала кхаччалц а, дерриг ГӀашан цӀе йолу латта а, ур-атталла ГавӀон-гӀалина тӀекхаччалц долу латта а схьадаьккхира ЮшаӀа. 42Цкъа араваьлла, берриш и паччахьаш а, церан латтанаш а схьадехира ЮшаӀа, хӀунда аьлча исраилхойн Веза Дела Исраилан халкъехьа тӀом беш вара. 43Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, берриш исраилхойн тӀемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.
Copyright information for CheCAC2012