‏ Joshua 12

Мусас хӀаллакбина паччахьаш

1 aЙордан-хина тӀера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тӀера Хьермон-лома тӀекхаччалц долу а, Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьарчу агӀор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш хӀорш бу: 2Хьешбонехь Ӏийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалӀад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Ӏамминхошца долу доза. 3Ткъа иштта цо паччахьалла деш Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Ӏома тӀера Дуьрачу хӀорда тӀекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тӀера къилбехьа Пасги-лома тӀекхаччалц а дара цуьнан латта.

4Башанан паччахь ӀовгӀа. Репахойн къомах тӀаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Ӏаштарат а, ЭдреӀи а цӀераш йолу гӀаланаш. 5Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гӀала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тӀе кхаччалц болу ах ГалӀад-мохк а бара цуьнан.

6 bВезачу Элан ялхочо Мусас а, исраилхоша а хӀаллаквира и ши паччахь. Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенашна а, Маннашан ах тӀаьхьенна а шерет санна дӀаделлера Мусас цу паччахьийн латтанаш.

Нунин кӀанта ЮшаӀа хӀаллакбина паччахьаш

7ЮшаӀа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀера паччахьаш хӀаллакбира. Ливанун тогӀи чохь йолчу БаӀал-Гад-гӀалина тӀера СеӀирна уллохь болчу Хьалакх-лома тӀекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаӀа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дӀаделира уьш. 8Царна юкъадогӀуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегӀаб а. ЮшаӀа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Ӏаш бара хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. 9Исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш бара: Ерихонан паччахь, Бетал-гӀалина уллорачу ГӀай-гӀалин паччахь, 10Ярушалайман паччахь, Хьевронан паччахь, 11Ярмутан паччахь, Лахишан паччахь, 12ӀегӀлонан паччахь, ГӀазаран паччахь, 13Дибаран паччахь, Гадиран паччахь, 14Хьормин паччахь, Ӏародан паччахь, 15Либнин паччахь, Ӏадуламан паччахь, 16Макхедан паччахь, Беталан паччахь, 17Тапухьин паччахь, Хьепаран паччахь, 18Апакхан паччахь, Лашаронан паччахь, 19Мадонан паччахь, Хьацоран паччахь, 20Шимрон-Мерионан паччахь, Ахишапан паччахь, 21ТаӀнакан паччахь, МагӀиддан паччахь, 22Кхедашан паччахь, Кармална уллохь йолчу ЯкхнаӀаман паччахь, 23Напат-Дор волчохь волу Доран паччахь, Галгаларчу Гойиман паччахь, 24Тирцин паччахь. Верриг а паччахь ткъе цхьайтта вара.
Copyright information for CheCAC2012