Joshua 16
Эпрайман тайпанан а, Маннашан эха тайпанан а дакъош
1Юсупан тайпанна деллачу декъан доза Ерихонна уллорачу Йордан-хина тӀера, малхбалехь долчу Ерихонан шовданаш долчуьра долалуш дара. Ерихонна тӀера, яьссачу арахула дӀа а доьдий, шайна тӀехь Бетал-гӀала йолчу гунаш тӀе кхочура иза. 2Бетална тӀера Луз-гӀалина тӀе а доьдий, цигара дӀа Ӏаьркхахойн лаьтта тӀехула чекх а долий, Ӏатрут-гӀала кхочура иза. 3Цул тӀаьхьа малхбузехьа яплатихойн лаьтта тӀекхаччалц дӀадоьдура иза, цигара, Лахарчу Байт-Хьоронна тӀе а доьдий, ГӀазар-гӀалина тӀе кхочура. Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолура и доза. 4Иштта дара Юсупан шина кӀентан, Маннашан а, Эпрайман а, дакъош.Эпрайман тайпанан дакъа
5Шайн гаранашкахь Эпрайман тайпанан дакъа иштта дара: церан доза малхбалехь Ӏатрут-Адар-гӀалина тӀера Лакхарчу Байт-Хьоронна тӀекхаччалц дара. 6Цигара дӀа доза хӀорда тӀе доьдура, Михметатна къилбаседехьарчу агӀор а долий. Юха, Таанат-Шилун гӀалин малхбалерчу агӀор дӀа а доьрзий, цунах тӀехдолура иза. Ткъа Янохь-гӀалина а малхбалехь йолчу агӀонгахула дӀадоьдура доза. 7Янохьана тӀера, Ӏатрут а, НаӀран а гӀаланашка чу а дуссий, Ерихонна тӀекхочура иза, цигара дӀадахча, Йордан-хина тӀехь соцура. 8Тапухьа-гӀалина тӀера малхбузехьа Кхана-хина тӀе а доьдий, хӀорда тӀехь чекхдолура доза. Иштта дара Эпрайман тайпанан гаранашна делла долу дакъа. 9Эпрайман тайпанна елла шайн ярташца йолу гӀаланаш Маннашан тайпанан лаьттан декъа тӀехь яра. 10 aАмма Эпрайман тайпанах болчу наха ГӀазар-гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой дӀа ца лаьхкира, таханлерчу дийне кхаччалц эпраймхошна юкъахь бехаш бу уьш, леш санна царна белхаш а беш.
Copyright information for
CheCAC2012