‏ Joshua 17

Маннашан эха тӀаьхьенан малхбузехь долу дакъа

1Юсупан дуьххьарлерчу кӀентан Маннашан тӀаьхьенна латта делира. Маннашан дуьххьарлера кӀант Макир ГалӀадан да вара. Иза майра тӀемало хилла, ГалӀад а, Башан а олу меттигаш цуьнан тӀаьхьенашна кхаьчнера. 2Йордан-хин малхбузерчу агӀор латта делира Маннашан тайпанах бухабисинчу нахана. Цуьнан тӀаьхьенах болу божарий бара уьш: Абу-Ӏезар а, Хьелакх а, Асриал а, Шехем а, Хьепар а, ШамидаӀ а. Царах хӀора а шен гаранна тӀехь коьртаниг вара. 3Цалпихьад Хьепаран кӀант вара, Хьепар ГалӀадан вара, ГалӀад Макиран вара, Макир Маннашан вара. Цалпихьадан цхьа а кӀант вацара, йоӀарий бен. Церан цӀераш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца. 4 aДинан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀана а, тхьамдашна а тӀе а баьхкина, цара элира: «Везачу Эло Мусана тӀедиллина, тхан вежаршна юкъахь тхуна дакъош ло аьлла». Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шайн ден вежаршна юкъахь дакъош делира царна. 5Йорданал дехьа долу ГалӀадан а, Башанан а латтанаш доцург, Маннашан тайпанна итт дакъа кхечира. 6Цуьнан тӀаьхьенах болчу йоӀаршна а, кӀенташна санна, дакъош кхечира, ткъа ГалӀадара латта Маннашан тайпанах долчу кхечу гаранашна дӀаделлера.

7Маннашан тайпанан доза Ашарна тӀера Михметатана тӀекхаччалц Шехемна малхбалехьа дара. Кхузара дӀа доза къилбехьа доьдура, Ӏейн-Тапухьа цӀе йолчу меттигера бахархой чу а лоцуш. 8Тапухьа-гӀалина гонах долу латта Маннашан тайпанан дара, ткъа дозанна тӀехь йолу ша гӀала Эпрайман тайпанан яра. 9Юха доза Кхана-хи долчу, къилбехьа агӀор, чудуссуш дара. И гӀаланаш эпраймхойн яра, ткъа уьш Маннашан тайпанан гӀаланаш юкъахь яра. Маннашан тайпанан доза, хин къилбаседерчу агӀор дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолуш дара. 10Къилбехьа долу латта Эпрайман тайпанан дара, ткъа къилбаседехьа дерг Маннашан тайпанан дара. Дуьненаюккъера хӀорд Маннашан тайпанан малхбузехь долу доза дара, цуьнан къилбаседера доза Ашаран халкъан махкаца дара, ткъа малхбалераниг Иссарханан халкъан махкаца дара. 11Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тӀехь йолу гӀаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалӀам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гӀаланаш а. Цул сов, хӀокху гӀаланашкахь а Ӏаш бара уьш: Дор, Ӏейндар, ТаӀнак, МагӀидда, царна гонах йолу гӀаланаш а (царах кхозлагӀниг Напат яра). 12 bЦу гӀаланашкара бахархой ара ца бахабелира Маннашан тайпанах болчу нахе, цундела канаӀанхой цу лаьтта тӀехь баха бисира. 13Шайн ницкъ алсамбаьлча, исраилхоша канаӀанхошка шайна болх бойтура, амма цу махкара уьш массо а ара ца бехира цара.

Юсупан тайпано латкъам бар

14Юсупан тайпано элира ЮшаӀе: «Тхуна цхьаъ бен дакъа хӀунда ца делла ахьа? Тхо дуккха а ма ду, Везачу Эло тхо декъалдина дела».

15ЮшаӀа жоп делира: «Нагахь шаьш дуккха а делахь, Эпрайман лам шайна тоьуш а бацахь, хьаннашка а гӀой, перезахойн а, репахойн а лаьтта тӀехь шайна меттиг яккха».

16Юсупан тайпано элира: «Тхуна тоъал меттиг яц ломахь, ткъа канаӀанхой шерачу арахь а, тогӀи чохь а Ӏаш бу. Церан аьчках йина тӀеман гӀудалкхаш а ю. Байт-Шеан-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а Ӏаш берш а, ИзраӀал-тогӀи чохь Ӏаш берш а тӀеман гӀудалкхаш йолуш бу».

17Амма ЮшаӀа элира Юсупан тӀаьхьенах болчу Эпрайман а, Маннашан а тайпанашкарчу нахе: «Шу дуккха а ду, боккха ницкъ а бу шун. Цхьа дакъа хилла Ӏийр дац шун: 18ламанан мохк шун хир бу. Цу тӀехь хьун елахь а, аш иза дӀацӀанбийр бу, тӀаккха иза гуттаренна а шун хир бу. Аша канаӀанхой дӀалохкур бу, церан аьчка гӀудалкхаш елахь а, уьш онда белахь а».
Copyright information for CheCAC2012