bАрадаккхар 14:21; Лелар 21:21-35.
Joshua 2
Къайлаха вахийтина ши стаг а, нахаца лела зуда Рахьаб а
1 aНунин кӀанта ЮшаӀа Шитим цӀе йолчу меттера къайлаха ши стаг вахийтира. Цо цаьрга элира: «Ваха а гӀой, лаьттах а, къаьсттина Ерихон-гӀаланах а долчуьнга хьажа». Рахьаб цӀе йолуш, нахаца лелаш йолу цхьа зуда яра Ерихонехь Ӏаш. Цуьнан цӀийне а веана, буьйса йоккхуш сецира и ши стаг. 2Цхьаммо Ерихонан паччахье элира: «Кху буса исраилхойх цхьа нах баьхкина вайн лаьттах дерг талла». 3ТӀаккха Ерихонан паччахьо ялхой бахийтира Рахьабе ала: «Хьо йолчу баьхкина нах схьало. Уьш берриге а вайн махках дерг талла баьхкина бу». 4Амма зудчо ши исраилхо къайлаваьккхинера. Цо элира: «Со йолчу веана ши стаг вара, амма суна ца хаьара и шиъ мичара ву. 5Сарахь гӀалин ков дӀакъовлале, и шиъ дӀавахара. Уьш стенга бахана, суна ца хаьа. Сихха тӀаьхьагӀахь, шу тӀаьхьакхиа а мега царна». 6Ткъа ши исраилхо, нийсачу, тӀехь кхалор йоцчу тхов тӀе хьала а ваьккхина, охьадехкинчу ве̄танан цӀевнаш юккъе дӀалачкъийнера цо. 7Паччахьан нах гӀалех арабевлира. Ков царна тӀаьххье сихха дӀакъевлира. Шина исраилхочунна тӀаьхьабевлла, малхбалехьа, Йордан-хих дехьаволучу метте кхаччалц, дӀабахара уьш. 8Ши исраилхо дӀавижале, зуда тхов тӀе хьалаелира и шиъ волчу. 9Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хӀара мохк шуна дӀабеллийла. Тхуна тӀе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. 10 bТхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догӀуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хӀордан хи дӀадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Ӏийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ӀовгӀа а аша хӀаллаквинийла а хезна тхуна. 11Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хӀунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву. 12Ткъа хӀинца Везачу Элах чӀагӀо е суна, ас шайх къинхетам ма-барра, аша а сан ден цӀийнах къинхетам бийр бу алий. Тешам болу цхьа билгало ло суна, 13сан да а, нана а, вежарий а, йижарий а церан мел верг а дийна а витина, аша тхан синош Ӏожаллех кӀелхьардохур ду алий». 14Шина стага элира зудчуьнга: «Оха арадаьккхина гӀуллакх аш дӀа ца дийцахь, шун метта вала а реза ву тхойшиъ. Везачу Эло тхуна хӀара мохк схьабелча, тхо хьоьца къинхетаме а, тешаме а хир ду». 15Цу зудчун цӀенош гӀалин пена юккъехь дара, цундела цо и ши стаг корехула муьшаца чувоссийтира. 16Уьш чубиссале, цо элира цаьрга: «Малхбузехьа, лам тӀе, дӀагӀо, шайна тӀаьхьабевлларш тӀе ца кхачийта. Кхаа дийнахь Ӏе цигахь дӀаловчкъий, шу лоьхуш болу и нах юхабахккалц. Цул тӀаьхьа шайн новкъа дӀагӀор шу». 17Шина стага элира зудчуьнга: «Ахь тхоьга яйтинчу чӀагӀонах тхо паргӀат хир ду, нагахь ахь иштта ца дахь: 18тхо кху махка схьадаьхкича, тхойшиъ чувоссийначу корах хӀара цӀен тӀийраг таса, ткъа хьайн да а, нана а, вежарий а – хьайн ден берриг а доьзал хьо Ӏаш йолчу цӀа чу гулбе. 19Нагахь цӀа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цӀа чохь волчунна тӀе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цӀий тхох хьаьрчар ду. 20Нагахь ахь оха деана гӀуллакх гучудаккхахь, хьуна йинчу чӀагӀонах тхо а паргӀат хир ду». 21Зудчо цаьрга элира: «Дерриг а аш ма-бохху хуьлийла!» Ши исраилхо дӀа а хьажийна, корах цӀен тӀийраг йихкира цо. 22Лам тӀе а веана, цигахь кхаа дийнахь Ӏийра и ши стаг. Массо а новкъахь лехча, хӀара шиъ кара а ца вина, юхабаьхкира паччахьан нах. 23Лам тӀера чу а воьссина, Йордан-хих дехьа а ваьлла, Нунин кӀантана ЮшаӀана тӀевеара и ши стаг. Цунна шайца хилларг дерриг а дийцира цу шиммо. 24Цара элира ЮшаӀе: «Везачу Эло дерриг а хӀара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу».
Copyright information for
CheCAC2012