Joshua 20
ДӀалочкъийла йолу гӀаланаш
1 aВезачу Эло ЮшаӀе элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Стагана дӀалачкъа гӀаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара. 3Нагахь цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, цунна дӀалачкъа меттиг хир ю иза. Нагахь шух цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, шун аьтто хир бу цига дӀадовда а, бекхам лоьхучух цу гӀалахь дӀалачкъа а. 4Ишттачу гӀала ведда веанарг, гӀалин кевне а хӀоьттина, цигарчу къаношка шена хилларг дӀадийца дезаш ву. Цара, шайн гӀалахь тӀе а лаьцна, ваха меттиг лур ю цунна. 5Иза вен дагахь бекхам лоьхург тӀаьхьаваьлча, тхьамданаша дӀалур вац ведда веанарг, хӀунда аьлча цо ларамаза вийна уллораниг. Селхана а, стомара а вийначуьнга цабезам ца хилла цуьнан. 6Кху гӀалахь Ӏийр ву иза, ша халкъана хьалха кхеле хӀотталц, цу заманахь волу динан коьрта да валлалц. Цул тӀаьхьа стаг вийнарг шен гӀала а, шен цӀийне а юхаверза йиш йолуш хир ву“». 7Галилай-махкахь Напталан гунаш тӀехь йолу Кхедаш-гӀала а, Эпрайман лам тӀера Шехем-гӀала а, ЯхӀудан гунаш тӀера Кхиръят-АрбаӀ а (кхечу тайпана Хьеврон) дӀакъастийра. 8Йордан-хил дехьа, Ерихон-гӀалина дуьхьал, малхбалехьа цара дӀакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гӀала, Гадин тайпанах ГалӀад-махкахь Рамат-гӀала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гӀала. 9И гӀаланаш берриг а исраилхошна а, уьш болчохь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а лерина яра, ларамаза стаг вийнарг, халкъана хьалха кхеле хӀотталц, дӀалачкъархьама, бекхам бан гӀерташ болчу мостагӀаша иза веле.
Copyright information for
CheCAC2012