‏ Joshua 21

Левихойн гӀаланаш

1Левихойн тӀаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тӀе. 2 aКанаӀан-махкахь йолчу Шилун-гӀалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тӀедиллина, тхуна чохь Ӏан гӀаланаш а, даьхни лело цу гӀаланашна уллора аренаш а ло аьлла». 3Везачу Эло тӀе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гӀаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша. 4Хьалхара кхаж КхахӀатан тӀаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхӀаронан кӀенташна, кхойтта гӀала елира. 5Кхаж баларца КхахӀатан кхечу тӀаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гӀала кхечира. 6ГӀиршанан тӀаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цӀе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гӀала кхечира кхаж баларца. 7Мерарин тӀаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гӀала кхечира. 8Везачу Эло Мусагахула шайна тӀе-ма-диллара, и гӀаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дӀаелира исраилхоша.

9ЯхӀудан а, ШимӀин а тайпанаша левихошна еллачу гӀаланийн цӀераш иштта яра: 10КхахӀатан тӀаьхьенах болчу АхӀаронан кӀенташна а, Левин кӀенташна а, царна кхаж хьалха баларна, 11Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолу гӀала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Ӏаьнакхан ден АрбаӀан цӀарах яра и гӀала. Иза ЯхӀудан гу тӀехь яра, кхин цӀе а яра цуьнан – Хьеврон). 12Цу гӀалина уллора аре а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана елира.

13Иштта динан ден АхӀаронан кӀенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гӀала – Хьеврон а, гӀала Либна а, цу шина гӀалина уллора аренаш а. 14Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гӀала а, шен аренашца ЭштамуӀ-гӀала а, 15Хьулон-гӀала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гӀала а, цуьнан аренаш а, 16Ӏейн-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЮтӀа-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гӀала яра. 17Бен-Яманан тайпано елира гӀаланаш: ГавӀон а, цуьнан аренаш а, ГибаӀ а, цуьнан аренаш а, 18Ӏанатот-гӀала а, цуьнан аренаш а, Ӏалмун-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. 19АхӀаронан тӀаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонахара аренаш а яра. 20КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гӀаланаш. 21Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гӀала лурбоьлла нах шена чохь дӀаловчкъуш яра. Цул сов, ГӀазар-гӀала а, цуьнан аренаш а елира царна. 22Кхибцайм-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гӀала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гӀала яра уьш. 23Данан тайпано елира гӀаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а, 24Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елларг. 25Маннашан ах тайпано елира гӀаланаш: ТаӀнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гӀала яра. 26КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гӀала а, церан аренаш а яра. 27ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу левихошна елира хӀара гӀаланаш: Маннашан ах тӀаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гӀала а, цуьнан аренаш а. И гӀала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаӀаш-Тара-гӀала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гӀала. 28Иссарханан тайпано елира гӀаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а. 29Ярмут а, цуьнан аренаш а, Ӏейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала елира цара. 30Ашаран тайпано елира гӀаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Ӏабдани а, цуьнан аренаш а. 31Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елла. 32Напталан тайпано елира гӀаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гӀала елира цара. 33ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонах йолу аренаш а яра. 34Мерарин тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гӀаланаш. Забулан тайпано дӀакъастийра: ЯкхнаӀам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, 35Димна а, цуьнан аренаш а, НахӀлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала. 36Раабанан тайпано елира Бацар-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯхӀац-гӀала а, цуьнан аренаш а, 37Кхадимут-гӀала а, цуьнан аренаш а, МейпаӀат-гӀала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. 38Гадин тайпанах болчу наха елира гӀаланаш: ГалӀад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дӀаловчкъу Рамат-гӀала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. 39Кхин а елира Хьешбон-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯӀзир-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. 40Кхаж тасарца Мерарин тӀаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гӀала яра.

41Исраилхойн бахамна юкъахь левихойн долахь шовзткъе бархӀ гӀала а, царна гонахара аренаш а яра. 42Цу гӀаланашна гонах аренаш яра, хӀора гӀалин шен латта а долуш.

Исраилхоша шайн мехкан доладар

43Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чӀагӀо йина болу мохк исраилхошна дӀабелира. Иза схьа а эцна, цу тӀехь баха хевшира уьш. 44Массо а агӀор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагӀех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дӀабеллера мостагӀий. 45Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира
Copyright information for CheCAC2012