Joshua 3
Йордан-хих дехьадовлар
1ШолгӀачу Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀевттина, ЮшаӀ а, берриг исраилхой а Шитим цӀе йолчу меттера Йордан-хи тӀе баьхкира. Цигахь меттамотт а хӀоттийна, севцира уьш, хих дехьадовла деза хан тӀекхаччалц. 2Кхо де даьлча, нахана тӀехь хӀиттийна хьаькамаш буьйлабелира халкъана юккъехула. 3Цара массаьрга а омра дира: «Шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказ а, иза дӀахьош болу левихойн динан дай а шайна гахь, хьала а гӀовттий, царна тӀаьххье дӀагӀо. 4Амма шуна а, тӀорказна а юккъехь йолу меттиг цхьа эзар гӀулч барам болуш хила еза. Цунна улло ма гӀо, шайна тӀаьхьадаха некъ хаийтархьама, хӀунда аьлча кху новкъахула шу кхул хьалха даьхкина дац». 5ЮшаӀа халкъе элира: «ЦӀин а лой, кечам бе, кхана Везачу Эло шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш гойтур ду». 6Динан дайшка ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тӀорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира. 7ТӀаккха Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Таханлерчу дийнахь дуьйна исраилхошна хьалха хьо вазван волалур ву Со, Мусаца санна, хьоьца а Со вуйла царна хаийта. 8Ахь тӀорказ эцна боьлхучу динан дайшка омра де, шаьш Йордан-хи чу ма-девлли, совца алий». 9ЮшаӀа элира исраилхошка: «ТӀе а дуьйлий, шайн Везачу Делан дешнашка ладогӀа. 10Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаӀанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гӀиргӀашахой а, эмархой а, явсайхой а. 11Дерриг а дуьненан Да волчу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, шуна хьалха а даьккхина, Йордан-хи чу доккхур ду. 12Шийтта стаг харжа шайна, исраилхойн хӀора тайпанах цхьацца. 13Дуьненан Да волчу Везачу Элан тӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТӀедогӀуш долу хи, пен а хилла, дӀахӀуттур ду». 14Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дӀадоладелча, динан дайша бартбаран тӀорказ, нахана хьалха а даьккхина, дӀадаьхьира. Халкъ царна тӀаьххье дӀадахара. 15ТӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кӀа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), 16лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. 17Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дахьаш богӀу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тӀехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тӀехула Йорданах дехьабовллалц.
Copyright information for
CheCAC2012