Joshua 4
Йордан-хих дехьадовлар дагахь латто хӀиттийна тӀулгаш
1Дерриг а Исраилан халкъ Йорданах дехьадаьлча, Везачу Эло ЮшаӀе элира: 2«Шийтта стаг схьахаржа нахана юкъара, хӀора тайпанах цхьацца. 3Царна тӀедилла, динан дай лаьттинчу меттера, Йорданан юккъера, шийтта тӀулг схьаэца алий. Тховса шаьш буьйса йоккхучу метте, дӀа а хьой, охьадахка ала цаьрга и тӀулгаш». 4Исраилхойн хӀора тайпанна юкъара ша хаьржина шийтта стаг тӀекхайкхира ЮшаӀа. 5Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тӀорказна хьалха, довла. ХӀораммо а цигара шайн белшаш тӀе цхьацца тӀулг схьаэца. ХӀора тайпанна цхьацца хир бу уьш. 6И тӀулгаш шайна билгалонна дита. ТӀейогӀучу хенахь шун бераша хоттур ду шуьга: „Стенна Ӏалашдо аш и тӀулгаш?“– аьлла. 7Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Ӏалашдо. ТӀорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхошна и хӀума дагахь латтор ду цу тӀулгаша“». 8ЮшаӀа шайна тӀе-ма-диллара, кхочушдира исраилхоша дерриг а. Везачу Эло ЮшаӀе ма-аллара, Йордан-хина юккъера шийтта тӀулг, исраилхойн хӀора тайпанан цӀарах цхьацца, схьа а эцна, шаьш буьйса йоккхучу метте дӀа а баьхьна, охьабиллира цара. 9Бартбаран тӀорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тӀулг хӀоттийра ЮшаӀа. И тӀулгаш хӀинца а ду цигахь. 10Везачу Эло ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг халкъе дӀаалар, Мусас ЮшаӀе весет ма-дарра. Дерриг а чекхдаллалц, тӀорказ эцна боьлху динан дай Йордан-хина юккъехь лаьттира. Ткъа халкъ цу хенахь сихха хих дехьадолуш дара. 11Нах дехьабевллачул тӀаьхьа, Везачу Элан тӀорказ юха а халкъана хьалхадаьккхина дӀадаьхьира динан дайша. 12Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаш а, Маннашан тӀаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тӀе-ма-диллара. 13ТӀамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тӀом бан вахара. 14Цу дийнахь Везачу Эло дерриг а Исраилан халкъана хьалха ЮшаӀан сий хьалаайира. Цул тӀаьхьа, Муса санна, ЮшаӀ лерира халкъо, цуьнан дахаран денош чекхдовллалц. 15Везачу Эло ЮшаӀе элира: 16«Бартбаран тӀорказ эцна богӀучу динан дайшка, Йордан чуьра схьабовла алий, омра де». 17ЮшаӀа динан дайшка омра дира: «Йордан чуьра схьадовла!» – аьлла. 18Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ эцна богӀу динан дай, Йордан чуьра хьала а бевлла, декъачу лаьтта тӀе бовллушехь, Йорданан хи, ша гуттар а ма-дарра, охьадоладелира, шен бердашна тӀехула а долуш. 19Хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ. 20Йордан-хи чуьра шаьш схьаэцна шийтта тӀулг цигахь дӀахӀоттийра ЮшаӀа. 21Цо элира исраилхошка: «ТӀейогӀучу хенахь шайн бераша шайга хаттахь: „ХӀорш хӀун тӀулгаш ду?“– аьлла, 22аш цаьрга ала: „Исраилхой Йордан-хих декъачу лаьтта тӀехула дехьабовлар дагахь латтадойту цара“. 23Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хӀордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дӀа а лакъийна. Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама».24
Copyright information for
CheCAC2012