Joshua 5
1Йорданал дехьа, малхбузехьа, хӀорд болчу агӀор Ӏачу эмархойн паччахьашна а, хӀордана уллохь Ӏачу канаӀанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чӀогӀа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.Галгалехь божарий сунтбар
2Цу хенахь Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Мокхазах арсаш а дай, исраилхой сунтбе». 3ЮшаӀа, мокхазах арсаш а дина, Сунтбаран гу аьлла, цӀе тиллинчу меттехь исраилхойн божарий сунтбира. 4ЮшаӀа уьш сунтбаран бахьана хӀара дара: Мисарара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, тӀом балуш болу божарий яьссачу арахь новкъахь беллера. 5Мисарара арабевлла божарий сунтбина бара, ткъа новкъахь дуьнен чу бевлларш сунтбаза бара. 6 aИсраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тӀом балуш болу божарий белла дӀабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгӀнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чӀагӀо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира. 7Церан метта церан кӀентий кхиийтира Везачу Эло. Уьш бара ЮшаӀа сунтбинарш, новкъахь сунтбаза бисарна. 8Берриш а сунтбинчул тӀаьхьа, шайн меттамотт болчохь севцира нах, божаршна гӀоле хиллалц. 9Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Мисарахь шу лоллехь хиларан эхь тахана шуна тӀера дӀадаьккхи Ас». Цундела ю цу меттиган цӀе Галгал ▼▼Галгал – иза Ӏебархойн маттахь «дӀадаьккхина» бохучух тера ду олучу хенахь.
, хӀинца а олу цунах иза. 10 cИсраилхой Галгалехь севцна бара. Беттан дейтталгӀачу дийнахь Ерихонан аренашкахь сарахь Пасахь даздира цара. 11ШолгӀачу дийнахь совсаза бепиг а, кхаьрзина буьртигаш а диира цара. 12 dЦу лаьттан стоьмаш баа хӀорш буьйлабеллачу шолгӀачу дийнахь стигалара охьаоьху «ман» олу кхачанан буьртигаш дӀасевцира. Цул тӀаьхьа «ман» кхин ца хилира исраилхошна, амма КанаӀан лаьттах схьадаьлларг диира цара цу шарахь. ЮшаӀ а, туьраца волу стаг а
13Ерихонна уллохь волчу хенахь ЮшаӀана гира шена хьалха лаьтта цхьа стаг. Цу стеган карахь баттара даьккхина тур дара. ЮшаӀа, тӀе а вахана, хаьттира цуьнга: «Хьо тхайниг ву я тхан мостагӀех ву?» – аьлла. 14Стага жоп делира: «Со иза а, я важа а вац. Со Везачу Элан эскаран тхьамда ву, хӀинца кхуза веана». Лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьа а таьӀна, ЮшаӀа элира: «Шен лай волчуьнга хӀун эр ду сан эло?» 15Везачу Элан эскаран тхьамдано ЮшаӀе элира: «Хьайн когара мачаш схьаяха. Хьо лаьтташ волу меттиг еза ю». ЮшаӀа цо боххург кхочушдира.Ерихон-гӀала хӀаллакьхилар
Ерихон-гӀала дӀакъевлина яра. Цуьнан бахархой исраилхойх кхерабелла бара. ГӀалара ара а, я чу а волуш стаг вацара.16
Copyright information for
CheCAC2012