‏ Joshua 1:12-15

12 aРаабанан а, Гадин а тайпанашка а, Маннашан эха тайпане а ЮшаӀа элира: 13«Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агӀор долу латта шуна дӀадала, иза шун мохк хилийта“. 14Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тӀехь совца, ткъа массо а тӀом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тӀе а гӀой, гӀо де царна. 15Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гӀо де царна. ТӀаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де».
Copyright information for CheCAC2012