Joshua 11
Паччахь Ябин а, цуьнан бартхой а
1Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гӀалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гӀалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гӀалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а, 2къилбаседехьа лаьмнаш тӀехь Ӏаш болчу паччахьашна а, Ӏариба-тогӀи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агӀор Ӏаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Ӏаш болчу паччахьашна а тӀе. 3Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Ӏаш болчу канаӀанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тӀехь Ӏаш болчу явсайхошна а, МицӀпа-кӀоштара Хьермон-ломан когашкахь Ӏаш болчу хьаьвихошна а тӀе бахийтира цо шен нах. 4И паччахьаш а, церан эскарш а тӀамана арадевлира. ХӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гӀудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха. 5Шайн эскарш вовшах а тоьхна, Мером-хина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра цу паччахьаша, исраилхошца тӀом бархьама. 6Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, кхана хӀоккху хенахь исраилхошка хӀаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гӀудалкхаш а ягае». 7ЮшаӀ а, цуьнан массо а тӀемало а, цӀеххьана Мером-хина йисте схьа а веана, тӀелетира царна. 8Везачу Эло исраилхойн кара схьабелира мостагӀий. Исраилхоша хӀаллакбира уьш, ткъа биснарш, лаьхкина, сийлахьчу ЦӀаданна а, Мисрепат-Маймна а, малхбалехьа МицӀпа-тогӀина а тӀекхаччалц дӀабигира. Цхьа а дийна ца вуьтуш, массо а вийра исраилхоша. 9Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаӀа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гӀудалкхаш а ягийра. 10Цул тӀаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаӀа. (Хьалха Хьацор-гӀала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гӀала хилла.) 11Цу гӀалахь мел верг туьра кӀел вахийтира цо, цхьа а стаг дийна ца вуьтуш. Хьацор а, ягийна, дӀаяьккхира. 12Ерриг и гӀаланаш схьа а яьхна, церан паччахьаш туьраца байира ЮшаӀа, Везачу Элан ялхочо Мусас тӀе-ма-диллара. 13Амма лаьттах йинчу лакхенашкахь йолу ерриг а гӀаланаш яга ца йира исраилхоша, ЮшаӀа ягийна йолу цхьа Хьацор йоцург. 14Цу гӀаланашкахь караеана йолу ерриг хӀонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хӀаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш. 15Везачу Эло Шен ялхочунна Мусана тӀе-ма-диллара, Мусас а ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг. ЮшаӀа и дерриг а кхочушдира: Везачу Эло Мусана тӀедиллинчух хӀумма а кхочушдаза ца дитира цо.Нунин кӀанта ЮшаӀа схьадаьхна латтанаш
16Иштта ЮшаӀа схьадаьхна долу латтанаш хӀорш дара: акъарехь а, ерриг а НегӀаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГӀашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а, 17СеӀирна тӀекхаччалц болчу Хьалакх-лома уллора, Хьермон-ломана лахахь йолу, Ливанун-тогӀи чуьра БаӀал-Гадана тӀекхаччалц долу латтанаш а. Церан массо а паччахьаш, схьа а лецна, хӀаллакбира цо. 18Дуккха а хенахь цу паччахьашца тӀом бинера ЮшаӀа. 19Исраилхошца машар бина цхьа а гӀала яцара, шена чохь хьаьвихой Ӏаш болу ГавӀон йоцург. Ерриш а тӀамца схьаяьхна яра уьш. 20 aВезачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чӀагӀдина, исраилхошна тӀамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагӀий хӀаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, хӀаллакбан безара уьш. 21Цу хенахь акъареш тӀехь Ӏаш болу Ӏаьнакхахой хӀаллакбира ЮшаӀа: Хьеврон-гӀалина уллохь а, Дибар-гӀалина уллохь а, Ӏанаб-гӀалина уллохь а, ЯхӀудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тӀехь а. Церан гӀаланашца уьш берриш а хӀаллакбира цо. 22Цхьа а Ӏаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тӀехь, Ӏази-гӀалаххьий, Гати-гӀалаххьий, Ашдод-гӀалаххьий бен. 23Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дӀаделира ЮшаӀа. Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.
Copyright information for
CheCAC2012