‏ Joshua 13

Схьадахаза долу латтанаш

1ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзича, Везачу Эло элира цуьнга: «Хьо, къан а велла, хене вирзина, ткъа дола даха дезаш хӀинца а дуккха а латтанаш ду. 2Дуьсуш хӀара латтанаш ду: ПӀелаштаман а, Гешуран а ши мохк. 3Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Ӏекхран-гӀалина тӀекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаӀанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогӀу пӀелаштамхойн пхеа урхалчин гӀаланаш: Ӏази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Ӏекхран а. Ӏаваймхойн къомана тӀехь а толам баккха безаш бу. 4Къилбехь долу дерриг а канаӀанхойн латта схьадаккха дезаш ду, цӀаданхойн долахь йолчу МеӀари-гӀали тӀера Апакх-гӀалина, эмархойн дозанна, тӀекхаччалц. 5Ткъа иштта схьадаккхаза ду гебалхойн латта а, малхбалехьа болу берриг а Ливанун-мохк а, Хьермон-ломан къилбаседехь йолчу БаӀал-Гадана тӀера Хьамат-Ӏинна тӀекхаччалц болу. 6 aЛиванун-махка тӀера Мисрепат-Маймална тӀекхаччалц лаьмнашкахь Ӏаш болу цӀаданхой исраилхошна хьалхара дӀалохкур бу Аса. И латта исраилхошна юкъахь, дакъош а деш, декъа, Аса хьайна тӀе-ма-диллара. 7Исс тайпанна а, Маннашан ах тайпанна а юкъахь гуттаренна а дӀасадекъа иза».

Йордан тӀера малхбалехьа латта декъар

8 bРаабанан а, Гадин а тӀаьхьенаша а, Маннашан ах тӀаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера. 9Арнон-тогӀина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера цу тогӀина чохь йолчу гӀалина тӀекхаччалц долу латта а, Мейдебана тӀера Дибонна тӀекхаччалц йолу шера аре а церан яра. 10Ткъа иштта эмархойн паччахьан Сихьонан ерриг а гӀаланаш а царна дӀаеллера. Хьешбон-гӀалахь паччахьалла деш Ӏийнера Сихьон, цуьнан латта Ӏамминхойн дозанна тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара. 11Цул сов, ГалӀад-мохк а, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гӀалина тӀекхаччалц болу Башан-мохк а, 12Башан-махкахь йолчу Ӏаштаратехь а, ЭдреӀехь а паччахьалла динчу ӀовгӀин дерриг латта а дӀаделлера царна. Мусас хӀаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тӀаьххьара виснарг вара иза. 13Амма исраилхоша Гешур а, МаӀха а мехкашкара бахархой дӀа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Ӏаш бу уьш.

14 cЛевин тӀаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагӀанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара.

Раабанан тайпанан дакъа

15Раабанан тайпанах долчу хӀора гаранна латта делира Мусас: 16Арнон-тогӀина йистехь йолу ӀаруӀер-гӀала а, цу тогӀина чохь йолу гӀала а, Мейдебана уллора ерриг шера аре а, 17Хьешбон а, шерачу арахь йолу ерриг цуьнан гӀаланаш а: Дибон а, Бамот-БаӀал а, Байт-БаӀал-МеӀон а, 18ЯхӀац а, Кхадимут а, МейпаӀат а, 19Кхиръятим а, Сибма а, тогӀи чуьра гу тӀехь йолу Царати-Шахьар а, 20Байт-ПаӀар а, Пасга-ломан басенаш а, Байт-Яшимут а. 21Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гӀаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хӀаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаӀ а. Цу махкахь Ӏийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш. 22Исраилхоша байинчарна юкъахь БеӀаран кӀант, пал тосуш волу БалиӀам, вара. 23Йордан-хица дара Раабанан тайпанан декъан доза. Цу тайпанах долчу гаранашна дӀаелла гӀаланаш а, цаьрца йолу ярташ а яра уьш.

Гадин тӀаьхьенан дакъа

24Иштта Гадин тайпанах долчу хӀора гаранна а латта делира Мусас. 25Церан долахь яра ЯӀзир-гӀала а, ГалӀад-махкара массо а гӀала а, Рабба-гӀалина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀекхаччалц долу Ӏамминхойн ах латта а, 26Хьешбонна тӀера Рамат-МицӀпина а, Бетанаймна а тӀекхаччалц а, Махьанаймна тӀера Дибаран дозанна тӀекхаччалц а долу латтанаш. 27Йордан-тогӀи чохь йолу гӀаланаш: Байт-ХӀарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогӀин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Ӏомана тӀекхаччалц долу). 28Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Гадин тайпанах долчу гаранашна. Схьадаьккхинчу лаьтта тӀера церан дакъош дара уьш.

Маннашан тайпанан малхбалехь долу дакъа

29Маннашан эха тайпанах долчу гаранашна а деллера Мусас латта. 30Церан дакъа дара: Махьанайм-гӀали тӀера дуьйна берриг а Башан-мохк, Башанан паччахьан ӀовгӀин дерриг а латта, шена чуйогӀуш Яиран кхузткъа юрт а йолуш. 31Ткъа ах ГалӀад-мохк а, Башанан паччахь ӀовгӀа чохь Ӏийна Ӏаштарат а, ЭдреӀи а гӀаланаш а Маннашан кӀентан Макиран кӀенташна дӀаеллера. Макиран кӀентех шайн гаранашца эханна кхаьчнера уьш.

32Ерихонна малхбалехьа, Йорданан тогӀи чуьра муабахойн аренашкара дерриг а латта дара Мусас царна делларг. 33 dЛевин тӀаьхьенна Мусас дакъа ца делира: Исраилан халкъан Веза Дела Ша ду церан дакъа, Цо цаьрга ма-аллара.
Copyright information for CheCAC2012